Капитолин цIенна хьалха гулбелла Трампан агIончаш шайн митинг йирзинчул тIаьхьа
Вашингтонна юккъехь, КIайн ЦIенна хьалха, митинге хIиттира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан агIончийн тахана. Масийтта эзар стаг вара цигахь дакъалоцуш. Гуламхошна хетарехь, юхалиста беза дIадахана шо доьрзуш хиллачу президентан харджамийн жамIаш. Ткъа харжамхойн коллегино билгалдина демократ Байден Джо тоьлла хилар. Гулбеллачарна хьалха къамел дина Трамп Дональда. "Вай цкъа а юхадевр дац", - дIахьедина цо. Шен къамелехь президента юха а пресса бехкейина харжамийн компани йоьдуш шех лаьцна доцург дийцарна. Читать дальше...