Патрушев а, Чайка а вар бахьана долуш, туькананаш чохь "дIакъевлина" латтийна ставрополхой
Актрисин Топольницкая Юлиян инстаграм-аккаунтехь видео ю, полисхочо неI а къевлина, масех стаг туькан чуьра ара ца волуьйтуш гойтуш. Видео яьккхина Чиллан-беттан 19-чу дийнахь Ставрополь юккъехь, Къилбаседа федералан гоне халкъан кхерамзалла йийцареян Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай веъначу хенахь. Видео чохь гуш ву, наханна букъ а тоьхна, уьш ара ца бовлуьйтуш Iен полисхо. "Ставрополь, суна-м хаац шу долчу мила веана! Ас «стенна ца мега суна араяла?» хаьттича... Читать дальше...