"Iедалца тIом бу сан". Черногори реза ца хилла Орсийчоьне Ростовра безнесхо дIавала
Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна волу Ростовра 46 шо долу бизнесхо Манукин Алексей Орсийчоьнан каравала реза ца хилла Черногорера Iедал. Полицехь шена ницкъ барх лаьцна цо арзнаш дахь а, бехккъасторхоша иза бакъвинехь а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цуьнгахьа сацам бинехь а, жоьпе ийзаво иза цIахь. ДоьазлагIа гIоьртича бен ца белира цуьнан аьтто Оьрсийчуьра вада – 2020 шеран гурахь. 2016 шеран ГIуран-баттахь доладелира дерриг а, Ростов-гIалин вахархо Манукин Владимир кхеташ доцчу хьелашкахь велча. Читать дальше...