Британин махкалла дерг лаьцна латтош ву Нохчийчохь кадыровхоша – 2009-чу шарахь эккхийтар дарна бехкево иза
Оьрсийчоьнан вахархо хиларал а совнах, Британин махкалла а долу Нохчийчохь лачкъийначу вахархочунна Абубакаров Мохьмадна гергарчара лаьцна адвокат тIе ца вуьту кIира сов хан йу. Полисхоша тIехь ницкъбина даредайтина цуьнга, 14 шо хьалха эккхийтар динера ша аьлла, хаамбина бакъоларйаран "Мемориал" центро шен хьасташна тIетевжина. Куьрчала кIоштан полицин декъера белхахоша гIело латтайо Абубакаровгахь, йаздо бакъоларйархоша. Церан хаамашца, 2009-чу шарахь Хьалха-Мартанара 6779 тIеман декъана гена... Читать дальше...