"РогIера милла а хила йиш йу". Нохчийчуьрчу вахархочунна терроризмана тIехула шозза кхел йеш йу
Хабаровскерчу тIеман кхело толлуш ду 38 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочун Висаев Аптин гIуллакх. Терроралла лелорна аьлла бехкевина 14,5 шо чохь даьккхина волчу нохчочунна хIинца Норильскехь 2021 шеран стигалкъекъа-беттан 9-хь эккхийтар дина аьлла бехкаш дехкина. 1,5 шо ду кхел йоьдуш – оцу хеначохь цхьа теш къера хилла, шега нуьцкъаха харц тоьшаллаш дайтина Iедалхоша аьлла, тIаккха адвоката масийттаза дIахьедира, и гIуллакх бен-башха доцуш, харц бух тIехь долийна хиларх. Амма Норильскера нохчийн... Читать дальше...