Оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан ханна тIера ахшо охьадаьккхина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело
Нохчийчуьра Лакхарчу кхело 5,5 шарна тIера ахшо дIа а даьккхина, колонихь даккха 5 шо дитина Мусаева Заремина. ТаIзар кIаддан бахьана лерина кхело цуьнан дегIаца дарба доцу лазарш хилар, хаамбина Сотас. "Аса дина дац зулам, соьгахь гIора а дацара", - далийна Мусаеван тIаьххьара дешнаш гIирсо. Адвокаташа Немов Александра а, Савин Александра а апелляцин арз чудаларна Мусаеван гIуллакх луьстуш Нохчийчуьра Лакхарчу кхелера кхо суьдхо вара. Кхеташонехь шиъ йукъара велира – Заремин хIусамда, федералан кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди... Читать дальше...