Соьлжа-ГIаларчу кафен долахо кхеле хIоттийна
Октябрьскан кIоштарчу "Акбар" кафе чохь санитаран-эпидемиологин хьелаш лардина ца хилла, оцу бахьанашца юучух дIовш даьллера бахархошна, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Билгалъяьккхинчу кафе чохь оцу муьрехь хIума кхаьллина 24 стаг кхачийнера дарбан хIусамашка.
Талламаш дIахьочу юкъанна къаьстина кафен долахо бехкехилар. Кхи дIа кхело луьстур ду цуьнан гIуллакх.