Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIераш хуьйцур ю гергарчу хенахь
"Нохчийчохь машар хилийтархьама шайн дахар дIаделлачу турпалхойн цIераш тахка еза вайн урамашна а, школашна а, синбахамаллин объекташна а. И турпалхой даим а иэсехь биса безаш бу", - аьлла Кадыровс.
Билгалдоккху, Соьлжа-ГIалахь 4 кIошт ю: Октябран, Ленинан, Заводан, Старопромыслан. ГIалин Думехь луьстуш ду карарчу хенахь кIоштийн цIераш хийцаран хаттар.