Хьиджаб лелочу бусулба зудчо дакъалоцур ду дуьненан Чемпионатехь
2010-чу шерашкара схьа дуьйна ю хьиджаб лелон спортхо Iабдулла Кулсум олимпикан ловзаршкахь дакъалоцуш. Делахь а спорто новкъарло ца йина цунна лакхара доьшийла чекхъяккха а. Инженеран диплом ду цуьнан, ишта ю иза Iилманийн кандидат а.
2010-чу шарахь пачхьалкхан чемпионате ца йитира Кулсум, коьртахь хьиджаб лелорна, амма оцу хьокъехь цо кхеле бинчу латкъамехь толам баккхира зудчо. Цундела Гезгамашин-баттахь Таиландехь дIахьочу дуьненан Чемпионтехь дакъа лаца бакъо ю цуьнан.