Ах куьг дIадаьккхина гIалгIайн йоьIан Москварчу лоьраша
"Операцин цхьа этап чекхъели, аьтту куьган чохь са доцу меже дIа а йоккхуш", - аьлла, яздина клиникан зорбанчаша.
Маршо Радионо хьалхо хаийтина ма-хиллара, кху беттан 4-чу дийнахь кхачийна Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне, дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолуш. Де даьлча кеманца йигина Москох.
Оьрсийчоьнан талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахочо бехккховдийна 35 шо долчу Ганиева Макке, цо 7 шо долчу шен вешин йоIан Ажигова Iайшатан могашалла вуно талхорна.
"Таллам беш гучудаьлла, 2018-чу шеран Лахьан баттахь дуьйна 2019-чу шеран Товбеца-беттан 3-хь дийне кхаччалц ГIалгIайчуьрчу Соьлжахь ехачу Ганиевас хаддаза доьхка а, маршан кийсаг а йиттина хилар йоIан коьртах а, дегIах а", - аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.