Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нохчийн кегийрхой кхетош кхио дагахь ву Кадыров
Нохчийчоьнан хьалханчо чIагIдарехь, сих-сиха нисло кхечу регионашкахь бехачу республикерчу схьабевллачу жимачу наха нохчийн къоман сий дойъу хIуманаш лелор. Социалан машанашкахь гучубуьйлучу хаамаша карзахйоккху юкъаралла, ткъа цо декхарелахь до вай цхьаъ дан, боху цо.
И хьал дIанисдарца йоьзна цхьамогIа гIулчаш яхар Кадыровс тIедиллина республикан къаьмнийн политикехула волчу министрана Умаров Джамболатана.
"Республикал арахьа веха хIора нохчо кхета веза, ша лелочух дозаш хиларх вайн дерриг а къомах хетарг", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.