Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen



Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

ХIун экха ду и «коронавирус»? Ерриг а Оьрсийчуьра тесташ зуьйчу Новосибирскерчу вирусологца къамел

ХIун экха ду и «коронавирус»? Ерриг а Оьрсийчуьра тесташ зуьйчу Новосибирскерчу вирусологца къамел

Филимонов Андрей,                                                                                    "Сибирь.Реалии"

ТIаьххьарчу хенахь ца хеддаш етта телефон Нетесов Сергейга, Новосибирскерчу университетан вирусологин лабораторин куьйгалхочуьнга. Хаа лаьа массарна а, хIун ду хуьлуш, муха ларвала веза коронавирусах. Вуно дукха яздина даьржинчу уьнах, амма хIетте а ледара бу нехан оцу зуламах кхетам.

Шен интервьюхь Нетесовс дуьйцу, стенна ца бохьу тоъал пайда карантино, хIун бахьана ду ерриг а Оьрсийчохь вирусна экспрес-таллам бен система яцар, хIун до Новосиберскерчу вирусологин "Вектор" центро.

– Сергей Викторович, карантин шога хила еза, я вай гIеххьа къовладелча тоьу?

– Британехь ву цхьа эпидемиолог-теоретик Фюргессен Нил, цо сурт хIоттийна пачхьалкхашкара, муьлхачу хьелашкахь муха яьржа коронавирус гойтуш. Гучудаьлла еккъа ша карантино сов пайда бохьуш цахилар. Иза юкъаяккхарал совнах, деза дуккха а хIуманаш дан, билгалбаха беза цомгушнаш а, ун кхеттарш а. Цкъачунна вирусан цхьа а битамаш хаабелла боцурш а – цаьрца а лела тарло и ун, шайна а ца хууш, яржош хила мега цара вирус. И массо а категореш шогга карантине ховшо вай ца Iемий, кхечара ларлуш лелориг дуьсу маьIна а доцуш.

– Ткъа юй Оьрсийчоьнан и дерриг а кхочушдан таронаш?

– Оьрсийчохь 80% диагностикан тесташ йийраш коммерцин компанеш ю. Iедало хIинццалц тIе ца кIабора цара бен болх, ца юьтура и компанеш маьршша диагностикан гIирс кхолла а, диагностика дIаяхьа а. Амма хIинца гучудаьлла пачхьалкхан хьукматийн гIора доцийла оьшшучул тест-системаш арахеца а, алссам тесташ хIитто а, зен а ницкъ ца кхочийла.

Цундела хIоттаделла таханлера хьал: тестийн жамIаш массийтта дийнахь лардар, кIиране а долу иза. Тесташ хьанна ян еза? Iедало уьш ца йо лаккхара дагар а долуш, пехаш лозуш стаг вацахь я иза дозанал арахьара чу ца веанехь. Италерчу а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу а хьелаша гайтина, коронавирус уггаре дукха яржораш цхьа а симптомаш йоцу нах хилар. Аьлча а, вирус кхетта лоруш а бац и нах, амма цара ма-хуьллу дIасаяржайо иза. Цундела оьшу тесташ массарна а хIитто – мехах а, маьхза а, лууш верг милла а валийта веза тестах чекх.

Садукъийна тесташ талла массех бен йоцчу хьукматийн – тIех дукха бу церан болх

– Кхузахь, Новосибирскехь, йиш юй луучунна шега инфекционист хьажийта, тест яккхийта?

– Цкъачунна яц и таро. Садукъийна тесташ талла массех бен йоцчу хьукматийн – тIех дукха бу церан болх, вуно дукхачу гIаланашкара схьаоьхуьйту тесташ. Цу тIе, маьхза а бо цара и болх, харжаш йо, ткъа цкъачунна цхьаммо а ца боху компенсаци лур ю.

–​ Коронавирусна дуьхьал молха кхоллар, хьуна гарехь, мел аьтто хир бу иза дан?

– Вакцина, кхечу могIарчу молханел а хала ю кхолла, хан а оьшу дукха. 5-10 шаре долу дика вакцина кхоллар. Иза ехха зен езаш хиларца дозу иза, адамна тIехь толлуш а ма юй иза. Цундела деза ду вакцина кхуллуш мел дийриг. Адамна тIехь зен йолаяле, вакцина дийнаташна тIехь зуьй, ши шо долу и толлуш. Цул тIаьхьа бен ца магадо наханна тIехь, церан лаамца, иза зен.

– Прессехь, цхьаьнхьа, тIаккха вукхунхьа кхоьллина молха, олий, яздо, Францехь а, Корейхь а долуш ду, бохура. Амма де, ши де даьлча кхета иза бакъ доцийла…

Дуьххьара вакцина зен йолийнарш Iамерикахой бу, дIадахначу кIиранах китайхоша а долийна шайн зераш

– Фейкаш дукха ю. «Элира-бохура» бара церан бух. Ас хьоьху журналисташна аьшпаш цабаржор, уьш юьхьанца дуьйна, чекхбовллалц аьшпаш бу, эладитанаш ду. Хьогамо кхуллу уьш. Суна хууш, ши вакцина ю зераш шайна тIехь дайта резахиллачаьрца толлуш. Цхьаъ ю Америкерчу Moderna фирмано кечйина. Оцу вакцинина сертификат а елла Штаташа. Оцу фирмано бакъо яьккхина шена, дийнаташна тIехь зуьйш хан а ца йойуш, лаамхошна тIехь молха зен. ШолгIаниг Китайхь зуьйш ю – и вакцина а ю лаамхошна тухуш. Шинахьа а зераш долийна, ши кIира хьалха Iамерикахоша, хIинцца китайхоша. 2-3 бут баьлча гур ду жамIаш. ТIаккха бен магор дац маьршша и вакцинаш зен а, адамашна вакцинаци ян а. Iамерикахоша шайн молха коронавирус алсам яьржжинчу штатехь зен тарло.

– Кху муьрехь массо а бу «коронавирусан табло» ларъеш, масса, стенгахь цомгуш хилла хьоьжуш. Оцу информацех, хьуна хетарехь, тошийла дуй?

– Ала деза, дац вай теша хIума. Дагардарш регионаша лучу терахьашна тIехь ду. ДIадаханчу деношкара хьал-м хаа тарло, амма «тахана» бохург дош дац. Цхьаъ делахь, хан кеп-кепара ду дуьнентIехь. Цхьана хенахь луш яц и информаци. Соьга хаьттича, тергалдан а ца деза терахьаш, эпидемина дуьхьал болх бан беза, могашаллех сагатдан деза. Билггал болуш бу цомгуш нах, цамгаро а гойту кеп-кепара сурт. Иза зер, таллар ду коьртаниг.

– Коронавирус ца яржийта хIун дан деза, уггаре хьалха лоьраша а, Iедало а?

– Бертахь, юкъахь болх бан беза. Хьалхарниг – вуно сиха ун кхеттарш схьалахар. Алссам зен беза нах, алссам хила еза тесташ схьаоьцу меттигаш. Дика хир дара экспресс-тест хилча, масала, аэропорташкахь, 30-40 минотехь жамI а гойтуш – тIаккха стаге алалур дара, иза ун кхетта ву, сихха дIагIо, карантине хаа. Кхетта цунна вирус, масала, ткъа иза нахаца цхьаьна автобуса хуу, тIаккха араволу, нахана юкъа – хьоршамаш детта массанхьа а, юха цIа вогIий, чуьрачарна а дIало шех кхетта ун.

– Хьуна муха хета, кеп а хуьйцуш, «кIадлур» яц-те коронавирус, гриппан цхьайолу кепаш а санна? ДIаер яц-те?

– Вирус хIинцале а ю шен кепаш хуьйцуш. Цхьангара кхечуьнга мел кхочу, кхин мутант хуьлу цунах. Хааделларг ду хIара: ун атта ловш волучо, я симптомаш а йоцуш, шеца вирус лелош волучо - иштанаш дуккха а бу – дIало кхечуьнга вирус, ткъа вукхо а лов иза хьалхарчо а санна атта. ГIелъелла вирус ю цаьрца ерг – оццу уьнан кхин кеп, мела кеп ю иза. ГIелъелла, шен башхалла хийцина вирус хенан йохалла лелар ю, кхетар ю иза нахах, амма сов дараш доцуш дIа а ер ю цаьргара. Йоьдуш ю и биологин процесс а.

Селхана арахецна коронавирусан геномех лаьцна информаци, хийцалуш, тайп-тайпана ю вирусан кеп. Лаьттан континенташ тIехь а ю геномаш куьц-куьцара. Америкехь – цхьаъ, Европехь – кхин, Азехь – гуттар а кхин, Австралехь – йоьалгIа… ХIора пачхьалкхехь ша-ша ду коронавирусан тайпа, муьлха муха лела – иэделла ду и болар а. Амма Iилмано толлуш яц лазар атта лайначарна кхеташ йолчу вирусан кеп-тайпа, чIогIа вон ду и агIо тесна йитар.

– Гарехь, вирус ша лахлур ю, ша иза йовр ю бохург аьттехьа а дац-кх?

– «Дац» ас эр дац. Iаламехь дерриг а ду, вайна ца хетахь а, шен бакъонца, шен боларца лелаш, логика ю цуьнан шен. Вайна оьшург цуьнан болар, логика йовзар ду.

– Хууш дац, адам хIоттош йолу, балхах-некъах дохош йолу дуьненан карантин маца дIаер ю. Хьуна муха хета, «маьрша цхьаьна дахар» хуьлийла дуй коронавирусца?

–Нагахь санна хьал ма-дарра дитахь, карантинаш дIаяхахь, математикашна бер болу болх – белларш багарбар. Къаной лийр бу доккхачу декъанна, миллионашка хир ду кхалхарш. Сатоха деза цкъачунна, йиш яц ун маьршадаккха.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P



Мир

Добраться до курортов Сочи станет этим летом намного дороже: озвучена причина и новые цены




Українські новини

Охорона і Безпека це ОіБ: замовляй охорону в Києві та Харькові



Новости 24 часа

Новый транспортный хаб начали строить Казахстан, РФ и Китай



Game News

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Москва

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»



News Every Day

NYU Hospital on Long Island performs miraculous surgery



Настроение

Неудержимые 2. Альянс (окончание)



Москва

Мосгорсуд 8 мая рассмотрит жалобу на арест замглавы Минобороны Иванова



Йорш

«Лихие времена!»: «Йорш» напугал фанатов отменами и песней «Я ухожу»



Москва

Ефимов: В этом году на конкурсе «Московские мастера» впервые выберут лучших инженеров-проектировщиков



Арина Соболенко

Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский



Москва

Весенние субботники прошли на предприятиях «Московского» филиала ООО «ЛокоТех-Сервис»



Владимир Путин

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали



Симферополь

Литературно-поэтический час «Ушла на фронт ещё девчонкой...»



Москва

Весенние субботники прошли на предприятиях «Московского» филиала ООО «ЛокоТех-Сервис»



Москва

Сергей Собянин: Развиваем систему здравоохранения



Москва

В Москве наградили победителей Международного профессионального конкурса НОПРИЗ на лучший проект – 2023



103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

"Должны заплатить за свои преступные решения". Медведев озвучил возможный ответ на конфискацию русских активов

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Государственный Кремлевский оркестр исполнит «Патетическую» симфонию Чайковского в честь дня рождения композитора


Москва

Подмосковные проекты победили в Международном профессиональном конкурсе НОПРИЗ на лучший проект – 2023






Rss.plus

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Moscow.media
Москва

Собянин: С 28 апреля до 12 мая городские службы будут работать в усиленном режиме



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Ирина Серегина

Сотрудники Росгвардии Московской области написали «Диктант Победы»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике

Шествие трубачей и уроки танцев: что ждет посетителей парков Москвы в майские праздники


Елена Рыбакина

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России