"Варшавин Берлинца къамел" хилла дац Навальныйх лаьцна, дIахьедина Польшин куьйгалхоша
Оьрсийчуьрчу ТАСС агенталло динчу хаттарна жоп луш, Польшин дипломатин урхалло боху, шаьш "тIеэцна канцлера Меркела а, Германин Iедало а оппозиционерна Навальный Алексейна "Новичок" дIовш делла хиларх болу хаам", "оцу бахьаница бехк а буьллу оццул иэхьечу кепехь политикна зулам дар".
Деношкахь Белоруссерчу хаамийн гIирсаша даржийра шина стага - шайх Ник а, Майк олура цара – Навальныйх лаьцна ден къамел. Пачхьалкхийн юкъаметтигаш йохорхьама, Белоруссина тIеIаткъам бархьама, Оьрсийчуьрчу оппозиционерна дIовш делла аьлла, доцург даржийна Малхбузено, бохура Минскерчу Iедалан хаамийн гIирсаша.
Хаам аьшнашка берзийра Оьрсийчуьрчу дуккха а бахархоша. Кремлан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари ца елира оцу хьокъехь шега динчу хаттарна, лерринчу ницкъаша толлуш ду и аьзнаш, аьлла.