Шайн махкахо "сацавахьара" аьлла, кехат хьажийна Калиматов Махьмуд-Iелега Якутерчу юкъаралло
"Лараме ГIалгIайчоьнан куьйгалхо @kalimatov mm Калиматов Махьмуд-Iела Макшерипович! Тхо, якуташ, хьошалла лоруш долу къилбаседанхой а, маьрша халкъ а ду. Тхан республикехь дукха диаспораш ю. ГIалгIайниг а ю царалахь. ТIаьххьарчу хенахь меттигерчу бахархошца харцонаш лело буьйлабелла гIалгIай. Масала, селхана, Гезгмашин-беттан 5-чохь, гIалгIайн къоман векало Дзауровс йиттина кхузарчу цхьана йоьIанна. Сихонца иза "схьалаха а, цунна таIзар дан а" декхарево оха хьо, кхидIайолчу ханна иштаниг цадалийта гIортар а доьхуш!", - аьлла ду дIахьедар (оригиналан чулацам бу ишта).
Iедалерчу хьостанаша официалехь бина бац хьехочу дийнахь Якутехь йоьIанна тIелатар дарх лаьцна хаам.
Калиматовс муха тIеэцна шега Якутерчу жигархоша дина дIахьедар хууш дац цкъачунна.
"Ус Тумсуу" юкъаралла йолу дуккха а шераш ду, "Саха республикан кегийрхой кхетош-кхиоран юкъараллин-патриотикан центр" статус елла цунна дукха хан йоццуш, билгалдоккху Obzor.io портало.