Къилбаседа ХIирийчуьрчу стага шен хIусамнана йийна, цул тIаьхьа ша шена тапча тоьхна
Хиллачу инцидентах Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина меттигерчу полицин декъехь. Кхин сов даьккхина зуламах хууш хIума дац. Къилбаседа ХIирийчуьра Талламан комитетан белхахоша талла долийна гIуллакх.
Ши кIира хьалха БуьритIерчу кхело набахтехь даккха 16 шо хан туьйхира полисхо хиллачу Техов Вадимна. 2019-чу шарахь шегахь хилла Гагиева Регина урс диттина, йийнера цо.