Полисхойх летта Джумаев Сайд-Мохьмад лаьцна латтор дIадахдина
"Шина кIиранна гергга хан тIетоьхна. Охан-бутт боьрзуш цхьалхадала тарло гIуллакх аьлла хета тхуна", - довзийтина Джумаевгара хьал "Кавказский узелна" цуьнан ненайишас.
Талламчаша тIебаьхьинчу бехктакхамо бахарехь, Джумаевс Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь шина ОМОН-хочунна а, цхьана полисхочунна а дуккхаза а тоьхна.
Хьалхо хаам баьржира, Дечкен-беттан 23-чохь Москварчу гуламехь латарна лаьцна волу Джумаев Сайд-Мохьмад коронавирус кхетарх йолчу шеконца дарбан хIусаме виллина, аьлла.
Москварчу пачхьалкхан университетан студент ницкъхойх леташ яьккхина видео шуьйрра яьржира интернетехь. Жима стаг лехаме велира, лецира Псковна гергахь Дечкен-беттан 28-чохь.