Дудаев вуьйчу операцехь дакъалаьцна нохчо хIоттийна Москвахь Башкирин векал
Шайн мехкан министрийн кабинетна керла векал вовзуьйтуш, Башкирин куьйгалхочо Хабиров Радийс билгалдаьккхира, Ханалиевн Москварчу шайн векалтехь хийцамаш бийр бу, аьлла. Оцу хьокъехь хаам бина РБК-но.
Ханалиев Iумар-Паша ФСБ-н инарла-майор лаьттина ву, «Оьрсийчоьнан Турпал» цIе елла цунна, дакъалаьцна Нохчийчуьрчу шина а тIамехь.
Официалехь йоцчу информацица, турпалхочун цIе цунна елла 1996-чу шарахь Нохчийчоьнан Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар вуьйш жигара дакъалацарна.