Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen



Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Муьлш бара Нохчийчохь хьалхара тIом болийнарш?

Муьлш бара Нохчийчохь хьалхара тIом болийнарш?

1991 шарахь вовшех дозуш доцчу шина декъе екъаелира Нохч-ГIалгIайн АССР – кхоллаелира Нохчийн Республика Ичкери а, ГIалгIайн Республика а. Ичкерино дIакхайкхийра ша Оьрсийчоьнах йозуш яцарх а, Советан пачхьалкхан дакъош а хилла, цхьаьнаюьсучу маьршачу пачхьалкхийн статусехь яха резахиларх а лаьцна. Амма цул тIаьхьа, оццу шеран ГIадужу-баттахь Советан Iедал доьхча, галъевлира Москван а, Соьлжа-ГIалин а юкъаметтигаш.

Москвахь доггах къобалйира Ичкерин лидерна Дудаев ЖовхIарна дуьхьалъяьлла нохчийн оппозици – бакъду, дукха хан ялале гира Кремлна оцу ницкъех ша эца пайда боцийла. 1994 шеран Лахьан-беттан 26-чохь, ша оппозици ю моьттуьйту кеп а хIоттош, ма-ярра йолу тIеман хьалхара гIулч яьккхира Оьрсийчоьно.

" Кавказан хроника" подкастан рогIера тема дIахьош ву историк Вачагаев Майрбек а, политик Кох Альфред а. Цара дуьйцу, хIун леладора Оьрсийчоьнан лакхарчу хьаькамаша тIамах дерг хьехочохь, муха тIеоьцура инарлаша 1I994-1996 шерийн и тIом а, цуьнан жамIаш а.

 

– Муьлш бара Москвахь тIом болон луучийн тобанехь? Царалахь варий, масала, хIетахьлера вице-президент Руцкой Алекандр, Нохчийчохь 70% нах бу махка эскарш кхачаре сатуьйсуш баьхна къаьмнийн гIуллакхийн министр Егоров Николай, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Ерин Виктор, чоьхьарчу гIуллакхашна леринчу эскарийн буьйранча Куликов Анатолий?

 

– Къамел долош ала лаьа суна: со сов доккхачу даржехь а вацара. Таханлерчу иерархехь министран гIовс вара ала тарло. Ницкъаш карахь болу урхалла а яцара иза – экономикера яра. Пачхьалкхан бахам Iалашбен некъаш лахар, приватизаци кечъяр дара тхан карахь. Суна тIе информаци сайна бевзачаьргара, накъосташкара бен ца кхочура Нохчийчоьнан хьокъехь. Ас дуьйцур дерг сайна хезначух, гиначух, дешначух лаьцна ду, сайггара а ду, цундела сайн анализ уггаре нийсаниг ю аьлла а ца хета суна.

Ахь охьабагарбинчу нахалара воккху ас сихха Руцкой, хIунда аьлча, Нохчийчу эскарш хьовсо шо сов хан юьсуш дара Руцкой массо а Iедалан даржашкара юьставаьккхича. 1993 шеран хиламашца доьзна набахте хьажийра иза. Вара иза вацара Нохчийчоьнца мостагIаллехь 1991-1992 шерашкахь – иза бен-башха доцург ду, Нохчийчохь тIом болорца боьзна хиламаш иза декъахь воцуш дIабахара.

Суна хуург ду, 1991 шо дерззале Ельцина Нохч-ГIалгIайчохь леррина хьал кхайкхийча, цхьа шатайпа ницкъаш а эцна, цигахь низам чIагIдан ваха тохавелла-м вара Руцкой Александр. Амма Нохчийчохь аэропортал дехьа ца бовлийтина, цигара, олла баьхьна яй санна, юхабаьхкира уьш.

Егоровх дерг аьлча, бакъ ду иза, сан хьостанаша, сан массо а накъосташа дийцарехь, тIом болон лууш хиллачу декъахь массо а хьаькамашлахь коьртаниг хилла иза. Цо и вариант хьаха а титтина, тIе а эцийтина.

Куликовх, Еринах дерг алалур дац соьга, суна ца хета уьш баккхийбера аьлла. Мульхха а кхечу инарлашна санна, ца лаьара тIом бан царна а. Царна дерриг а довра инарлийн дахарехь, шайга тIом ца байтичхьана….

– Немцов Борис вевзарий хьуна?

– Вевзара дера, уллера вевзара.

– Суна хетарехь, иза лара везаш гIуллакх дара цо Нохчийчуьрчу миллион куьг петицина буха гулдар, гайтира цо нах тIамна мел  дуьхьал бу. Кремло муха тIеийцира и гIулч?

– Цхьана маьIнехь тIе ца ийцира. Суна хетарехь, Ельцинна цатайра иза, амма дерриг а дIаделира доцург а хилла. Суна хууш, Ельцин а, берриг цуьнан го а сацамбина бевллера, тIом боьдуш бара шуьйрра. 1995-гIа шо, 1996-чун юьхь яра иза. Ахьа долийна жижиг юхадерзадойла дац. Суна хетарехь, я Ельцинна а, я Черномырдинна а, я Грачевна ахьалха ца оцу ханна йисина яцара хетачун бIарлагIа, гуш дара тIамехьа дерриг халкъ доцийла. Амма цаьрга цу сахьта чекхбаккхалур болуш бацара тIом. Цхьа бахьана кхолла дезара, цхьа шатайпа операци.

Деара Немцовс и миллион куьг тIехь долу кехаташ. Охьадоьхкира уьш Ельцинна хьалха. Суна хетарехь, Ельцинехь шеко а яцара наха и куьйгаш яздина хиларх. Иза кхетара, таро яра итт миллион, бIе миллион куьг гулдан. Амма цара хIун къастадойла дара 1995 шо доьрзучу – 1996-гIаниг долалучу хенахь, иза кхеташ дац.

– Филатов Сергейс (Ельцинан администрацин куьйгалхо. –Ред.) ша еллачу интервьюхь боху, Ельцин дерриг а 1994 шо доьдуш реза вара Дудаевца къамелдан, амма ца вуьтура иза цхьана наха.

– Цхьа хIума ала ас? Суна иза бIозза хезна. Амма Ельцинна лиинехь, стагга а вацара цунна дуьхьалоян. Вайна хаьа цунна дуьхьалбийлинчарех хилларг. Хасбулатовна, Руцкойна, дуккхаъчарна… Иштта чIогIа "лууш" хилла цунна шена гонах "новкъарло ен" нах хилийта.

Суна хаьа, Дудаев даима а кхайкхамаш беш Iийна, цхьанакхетийта, барт байта, бохуш. Соьга иза Бурбулис Геннадийс а, кхечу цхьацца наха а дуьйцура. Амма оцу дехарна тIераберш юьстах бара, Ельцинна муьлхха а бахьана карадора вовшах ца кхета, дуьйцура цхьа туьйранаш, бевзаш боцчу цхьана наха мекарлонаш лелайо, бохуш. Мила вара цунна новкъарло еш. Суна ца хаьа иза.

– Оццу Филатовс дуьйцу, тIом болабайтинарш Егоров Николай а, Ерин Виктор а вара, ткъа тIом болорна Нохчийчохь даима а емалвеш волу Грачев ондда дуьхьаллаьттира, бохуш.

– Суна иза билггал хууш ду, иза чIогIа дуьхьал вара, оцу хькъехь Черномырдина а (хIетахь премьер-министр – Ред.) элира, со цуьнан гIовс волчу заманахь. Цул сов, ша Павел Сергеевича а дийцира соьга, ша дуьхьал вара, аьлла. Егоровх дерг, шеко яц, иза эскарш чухьовсо лууш вара.

ТIом болийначийн декъахь Ерин а хилла бохучух со шек ву. ХIунда аьлча, соьга Степашин Сергейс дицинарг кхин ду: Теркайистера Соьлжа-ГIалина тIелеттарш, оппозици а йоцуш, мехах декъаийзийна Кантемировн девизера танкисташ бара. Цара гIала дIалоцур ю, царна тIаьххье чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера эскарш чугIур ду, блок-посташ а хIиттош, дIахьор бу шайн оккуупацин болх, аьлла яра къастийна Iалашо. Танкисташ кхаьчна гIали чу, президентан цIенна тIекхаччалц, амма Ерина буьйр а дина, арабевлла. Эскар дIадахна Нохчийчуьра, и танкисташ бала а битина.

Мел бакъ ду суна ца хаьа, ас цунах жо сайн жамI – ца лиина Еринна тIом болийначийн декъахь хила. Суна хетарехь, иза кхиберш санна волу милцо вара, маьршачу дахарх воьлла, зуламашца къийсам латтонний, къепедацарш дижонний бен гуьнахь доцуш.

Хаьа суна иза КIайчу цIенна тIе 1993 шарахь гез дустийта ца лууш леллийла. Шен эскарга иза дан омра ца далалуш лийлира иза, цуьнгара, Чоьхьарчу гIуллакхашкара гIо доцуш, волавелира КIайн цIа даго Грачев. Цундела ца хета суна Ерин тIамехьа вара аьлла. Куликов а вацара, ала дашна.

– Стенна вара Грачев эскарш чудигарна дуьхьал?

– Эскарш кийча дацара. Цунна массарначул дика хаьара, мел герзаш ду Дудаевгахь. Хаа хала дацара, мел ю цуьнгахь маса тоьпаш, мел дукха бу тIемалой цуьнца. Грачевна дика хаьара, хIун тIом бу бан безарг. Кечамбан дезара. Шо оцу гIуллакхана, суна хууш, ши-кхо бутт бехнера. Черномырдина кIилло элира цунах, йоьдуш кхеташо а йолуш, ткъа Грачевс жоп делира: дика ду, йолайо вай операци. ТIаккха эццахь тIекхайкхира инарла Воробьев Эдуард, иза реза ца хилира.

– Билггал иза дара Воробьевс дар охьадилларан бахьана?

– Шен хьаькаман омра кхочуш ца дира цо, кхин некъ цунна бацара, дарж дитанний бен. Цуьнан шераш а дара пенсе ваха магош, охьадиллира цо дарж. Кхин муха хир ду?

– Дарж шегара дIатесира юстицин министра Калмыков Юрийс а, иза а ма вацрий тIом болорехьа.

– Юстицин министралла цкъа ца хилла вайн карахь цхьа беза мукъ болуш.

– ТIеман министран гIовс Громов а хилла-кх, Трошевс шен мемуарашкахь ма-баххара, тIамна дуьхьал.

– Громовс ОвхIанистанера тIом берзош, цигара эскарш цIадалош хьавзина жигара. Цунна хаьара, мел хала ду лаьмнашкахь партизанашца тIом бан. Я иза а, я Грачев а Iамо везаш вацара. Деккъа дIа аьлча, Грачевна ницкъ ца карийра шегахь даржера дIаваха, Громовна – карийра. Грачевна кхин некъ бацара, суна хетарехь. Изза цо динехь, Ельцина хьошур вара иза. 1993 шарахьлерчу хиламашца воьзнера цо ша Ельцинах. Цунна дагадоуьйтур дара цо лелийнарг, Холодов вер духьалтухур дара, 1992 шарахь Дудаевна герз дитар доькхур дара. Хазачу кепехь дарж дита бацара цунна некъ, Громовна а, Воробьевна а санна.

– 1994 шеран Лахьан-беттан 26-чохь нохчийн оппозици ша йолчуха эскар Нохчийчу дахара, ткъа оппозици хIуманна пайде яцара, элира-кх ахь. Москвахь мила тешара оппозицех, муьлш бара цунна гIодеш? Я иза еккъа дIа пропаганда яра?

– Оппозицин хилла ницкъ ахь лахбича санна го суна, Нохчийчоьнан шера аренийн кIошташкахь цуьнгахь баккъал а боккха ницкъ бара аьлла хета суна.Яра цигахь ницкъболу гIеранаш, Лабазанов Русланан, масала. ТIом болабелча, шина даггахь хилларш Дудаевна гоне дIахIиттира. И го къаман гIуллакхо чIагIбинера, цундела хеталора оппозици ледара.

– Нохчийчоьнна маршо дIаялар хьехош а дарий 1994 шарахь тIом болабале?

– Юккърчу тIегIанехь дара, амма волийла дацара оццул майран стаг Ельцинна гергахь и проект йийцаяккхал. Массарна а дика хаьара, проект тIеоьцур йоцийла, иза хаьхийнарг кагвийр вуйла. Цхьанненна а ца оьшура шен карьера йохон, хаьара ша тоьлур воцийла. Ельцин къинхетаме вара, догцIена вара бохург – иза туьйра ду, КIезиг адам, хьогIе, бекхамбанний бен гунахь доцуш адам дара иза.

– ТIом болабелча, иза сацабайта Оьрсийчуьрчу Iедална беш тIеIаткъам бан а барий Малхбузено? Я цо мелхо а гIодора Оьрсийчоьнна тIом дIабахьа?

– Цунах суна хууш хIума дац. Билггал суна хууш дерг ду, 1995 шарахь Толаман 50 шо кхачарца доьзна Клинтон вара Москварчу ЦIечу Майдана ван везаш, Ельцина хьалххе омра дира, оцу юкъанна тIом сацабойла, аьлла. Клинтон Москвахь волуш баккъал а сецнера тIом, чIогIа резабацара инарлаш, шаьш толамна гIулч яккхал бен, цхьан-шина кIиранна бен гена дац, тIом сацор мостагIчуьнгахьа ду, бохура. Цундела ас кхеторехь, Малхбузерчу лидершна ца тара тIом боьдучу пачхьалкхе баха Толаман де даздан - Германин канцлер, Францин президент, Британин премьер-министр вуьйцу ас. Цундела сацийнера хьеший богIучу деношна тIом.

–Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар верах лаьцна хIун ду хьуна хууш? Иза Оьрсийчоьно ша дIаяьхьна операци яра, я баккъал а америкахоша дакъалаьцна иза дIахьош?

– Суна хаарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъийн тоъал таронаш яра и лерина опекраци дIаяхьа, арахьара гIо ца лехча а. Суна хезна, Рохлина, ша валале элира бохуш, шега динчу хаттарна жоп луш: цхьана арахьарчу ницкъаш гIо ца дора, цаьрагара бала пайда бацара – новкъарло бен ца йора. Беккъа цхьа толам бара цара оцу боллучу а тIамах баккхинарг – юхьанца а, чукхъяллалц а ФСБ-но дIаяьхьина операци ю иза, аьллера цо.

– ТIом боьдушхенахь  ахь беш хиллачу белхан хьокъехь.  Том бу хьерабаьлла лаьтташ, бомбанаш етта – оцу юккъехула мох меттахIоттор а дуьйцура Иза муха хила тарлуш дара?

– Суна и терахьаш довзийтина дац. Цхьа хIума дара, I995 шарахь, Чиллан-баттера, Зазадоккху баттера дIа, Чубайса а, Черномырдина а со декъаре вора мччара а даьккхина а, ахча даккха, тIом бан бюджетехь ахча дацара, ткъа иза ца бича ца болура. Шуна ма-хаъара, халкъера юхалург ахча доккху аукционаш юкъаяржийра – оцу тIамна финасаш гулъян деш дара иза. Ахча тIамна хIинцца, кхуззахь охьадилла дезара, кхана, лама бохург чекх ца долура.

– Аукционаш дика дIаяхарий?

– Дера ца яхара, оьшучул дуккха а кIезиг ахча гулдира оха, и аукционаш Ельцин харжамашкахь тоьллачул тIаьхьа оха хIиттийна хиллехь, алссам гулдалур дара ахча. Оха аукционаш дIахьош Ельцинан рейтинг яцара 5% бен. Думе харжамаш хуьлучу юкъанна массара а бохура боккха толам боккхур бу коммунисташа, меланнах йохкалур яра тхоьга хIума аукционехь? Цу тIе акцеш оха юхкуш а яцара, банкашка йохкура.

– Черномырдин Виктор – тамаше адам дара, хала дара кхета, цо лелориг мел маьIра долуш ду.

– Иза, кхкчаьрца дуьстича, вуно кхетаме стаг вара. Цуьнан принципаш яра адамехь хила езарш, иза коьрта дара. Суо воккха мел хуьлу а, цьунгахьа бу сан ларам. Ас цунна баркаллаш бахарца дагалоьцу цуьнан куьйга кIел болх беш даьхьна шераш.

– Ельцин гIрасиз висинчу муьрехь цуьнан, ша премьер-министр хиларе терра, тIом сацабойла-х ма дара.

– ГIорасиз Ельцин и тIом боьдучу юкъанна кхузза висира. 1995 шеран аьхка кIелвисина вара иза, хьалхара инфаркт хилла, 1995 шеран Лахьан-баттахь  шолгIа инфаркт лайра, 1996 шеран аьхка – кхоалгIаниг. Амма товелча, я наркозна бухара ваьлча, цунна хуур дара Черномырдина тIом сацийнийла, могуьйтур муххале а дацара, Ельцинна шегахь бен ца гора тIом боло а, берзо а йолу бакъо.

Черномырдине далуш хилларг цхьаъ дара: Буденновскехь тIеман операци дIаяхьар, нах мел дукха хIаллакьхир белахь а, бацахь а, Басаев Шемалн тоба йохалора цуьнга, я иза вахалора тIемалошца берта. Цо тIеийцира тIемалоша кховдийна хьелаш, оцо иза нехан бала болуш адам хиллийла гойту, соьга хаьттича, шена тIера кийтал бехъяларна кхоьруш иза ца Iинийла а гойту, цхьаболучара цуьнгара ледарло елира бахахь а. Черномырдин кIилло хнтало таханлерчу, террористашца барт беш ца хуьлу бохучу Путинан доктринина хьалха. Ткъа цо-м дехира адамаш кIелхьара.

– Ельцинан гоно муха буьтира цунна герга Лебедь Александр санна болу нах?

– Ца хаьа, ткъа оцу гоно муха йийр яра дуьхьало? Иза Ельцина шеггара бина сацам бара. Зюганов эшорхьама цунна дезара Лебеда хьалхарчу турехь даьхна кхаьжнаш. Цундела цо иза вохвира, шена гергауьйзира. Пачхьалкхан секретар хIоттийначу Лебеда нах кхайкхира Ельцинехьа кхаьжнаш тасаре. Иштта туьйлира Ельцин шолгIачу гонехь. Аскхеторехь, оцу дерригенна а тIехьалаьттарг Березовский Борис вара. Березовскийс дехна хажийра Лебедь Нохчийчу, цуьнгахула ерзийра ерриг а тIеман операци, Пуликовскийга цо"ДжихIадна" ен дуьхьало а сацойойтуш ("ДжихIад" - 1996 шеран Гезгмашин-баттахь тIемалоша Соьлжа-ГIала йоккхуш дIаяьхьна операци – ред.). Цул тIаьхьа йолаелира Хасу_Юбртарчу тIом сацийначу бертан зама.

– Лебеде оццул йоккха мисси шена тIеэцийттал ницкъ бара-те Березовскийн карахь? Альча а, бацара иза инарлин сацам – бизнесерчу стеган лаам бара?

– Нохчийчохь хIетахь лаьттинчу инарлашна вуно чIогIа ца везара Лебедь, новкъа яра цуьнан мисси. Цул тIаьхьа меттиг а ца йисира Лебедна эскаршкахь гIуллакх дан, халкъ доьхкинчу стаге санна хьуьйсура цуьнга цул тIаьхьа.

***

Оьрсийчоьнний, Нохчийчоьнний юкъахь Хаса-Юьртара бертан кехаташ хIитторца бирзира тIом, цуьнца а догIуш, совцийра герзаш, арадохуш дара махкара эскарш. 200I шеран Гезгмашин-беттан 31-чохь къастадала дезаш дара Нохчийн Республикан Ичкерин статусца дерг. ТIамо лаххара а дIадаьхьира иттаннийн эзарнийн синош, заьIап битира бIеннаш эзаршкахь нах. Эзарнашкахь бу шайн гергарчех хилларг ца хууш, доьза байначех сагатден бахархой.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Еженедельный вестник катастроф



Мир

Туристов из каких российских городов больше всего любят в Турции и Египте: россиянка поняла, каких русских там больше всего ждут






Новости 24 часа

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео



Game News

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Москва

Что там в IT: ИИ-отрыв Google, ChatGPT почти человек, отечественный BIOS



News Every Day

$90,000 settlement approved in teen’s bullying lawsuit against LAUSD



Интернет

Исследование: болезни Альцгеймера и Паркинсона прогрессируют из-за климата



Москва

В суд поступила жалоба на продление ареста фигурантам дела о теракте в «Крокусе»



Анастасия Волочкова

«Я заставила себя не испытывать чувство голода»: Анастасия Волочкова рассказала в шоу Анфисы Чеховой на ТВ-3 о своём детстве



Москва

В Республике Марий Эл пройдет культурный проект «Классика: история и современность»



Ига Свёнтек

Свёнтек выиграла десятый «тысячник» в карьере



Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Cadillac

Cadillac насмерть сбил пенсионерку в центре Москвы



Симферополь

Театр и Культура, Россия и Дети: 15 мая театр кукол Ульгэр представил спектакль «Мүнгэн мүшэдүүд» в стенах Художественного музея для первых классов гимназии №29 Улан-Удэ



Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Москва

Собянин: Акцию «Ночь в музее» посетили порядка 350 тысяч человек



Москва

Лукашенко лоббирует интересы Алиева по изоляции Армении



103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

Врач ответила на вопрос, можно ли запоминать информацию во сне

Мощный пожар охватил торгово-офисное здание в Москве

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)


Москва

Лукашенко лоббирует интересы Алиева по изоляции Армении






Rss.plus

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео

МОСКОВСКИЙ ФЕСТИВАЛЬ ПОД ФЛАГОМ РУССКИХ СУПЕРГЕРОЕВ.

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Наташа Королёва

Королева прервала молчание после скандала с эфиром и позвала на свой концерт




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В столице Туркменистана - Ашхабаде открыли памятник легендарному армянскому поэту и композитору Саят-Нове

«Спартак» обыграл «Рубин» в последнем домашнем матче Джикии

"Спартак" обыграл "Рубин" в последнем матче Джикии


WTA

Рахимова прошла во второй круг турнира WTA в Рабате на отказе Таунсенд



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

СК рассказал о связях фигуранта дела Тимура Иванова с военными предприятиями



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России