Вийначу дагестанхочун йиша лаьцна ФСБ-на хьалха Москвахь
Стохка вийначу ХIинжа-ГIаларчу вахархочун Абдуллаев Гасанан йиша лаьцна полицино Москвахь. Динчу зуламна кадыровхой бехкебеш, ФСБ-н гIишлона хьалха пикете яьллера иза, яздо Кавказ.Реалиино.
Москварчу Кутузовн проспектехь 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь герз тоьхна, вийнера Абдуллаев – буьйсанна ялх стаг тIелеттера цунна. Йинчу чевнех кхелхинера 28 шо долу Дагестанан вахархо оцу меттигехь. ТIелеттарш муьлш бара хIинца а билгалдаьккхина дац - «Осторожно, новости» телеграм-канало хаамбарца, 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна талламан органаша цхьалха даьккхина хIума дац иза вийнарг лохуш.
Абдуллаева пикете йолуш караэцначу плаката тIехь яздина дара "Кадыровцаша вийна сан ваша 15.08.2021-чу шарахь. Иза вийнарш лецна бац. Нийсо яр тIедожадо" аьлла. Лаьцнарг полицица "къамел деш" ю, хаамбира журналисташа. ХIоттийний цунна протокол, хIоттийнехь муьлхачу къепеца, цкъачунна хууш дац.
Москвахь митингехь ОМОНхойх тийсавелла Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад гIуда тухучу изолятор чохь ву кега-мерса низамаш дохорна. Цунах лаьцна хаамбира цуьнан ненайишас шен къевлинчу инстаграм-аккаунтехь, адвокаташ колонехь иза волчохь хиллачул тIаьхьа. ХIун низамаш дохийнера, дуьйцуш дац цо.
Кхиазхочуьнгара 600 эзар сом ахча доккхуш хилла аьлла, шеконашаца Москвахь лецира ши стаг – Baza телегрма-каналан хаамашца, лаьцначех цхьаъ ву дагестанхойн ийначу кепехь латархо Магомедов Асхьаб. ВорхI шо гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.