Хьалха-Мартанан кIоштан бахархошна дихкина нах вовшатоьхна муьлхха а гуламаш хIиттон
Нохчийчуьра Хьалха-Мартанан кIоштан полицин хьаькамо таIзар дийр ду аьлла кхерам тесна меттигерчу бахархошна нах вовшахбетташ муьлхха а гуламаш хIиттабахь. Цунах лаьцна МВД-н полковнико Бацилов Валида дIахьедина кIоштарчу "оперативан хьолах" лаьцна дуьйцучу кхеташонехь – Хьалха-Мартанахь кхин а дIахьош ю ницкъахошна юкъахь буй-тIара а деш, герз детташ иккхина конфликт хиллачул тIаьхьа дуьйнна йолийна рейдаш.
"КIоштан бахархошка дIахьедина дара. Тахана дуьйна тхуна бен-башха дац, хуьлийла иза ницкъахо, йа газан, тоькан, цIе йайаран сервисашкара белхахо – пачхьалкхан белхахочунна новкъарло йечунна оха низамехь шога таIзар дийр ду. Баккхийнаш гулло, кегийчара телефонаш тIе дIайазйо, йаржайо. Нах гулбеллий? Берриш дIабуьгур бу, таIзар дийр ду, чубухкур бу", - дIахьедина Бациловс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хьалха-Мартана герзашца эскархой хьовсийра гIуран-беттан 11-чохь буса конфликт хиллачул тIаьхьа. ХIетахь, коьртачу версица, Росгвардин резервистан дов даьллера некъан полицин белхахочуьнца, девна юкъа гIоьртинера кхинболу ницкъахой а, ларамза цигахь нисбелла тешаш а.
Некъан полицин белхахочун агIо лаьцнера Кадыровс: мехкан урхалхочо кхерамаш туьйсуш видео дIайазйечу хенахь цуьнан букъа тIехьа лаьттара цуьнан йишин кIант Черхигов Идрис, республикера ГИБДД урхаллин хьалханча. Суьйранна масех эзар стаг юкъахь хинволу тIеман дакъош хьовсийра Хьалха-Мартана.
Оппозицин Niyso телеграм-каналан хаамашца, рейдаш дIахьочу юкъанна Хьалха-Мартанахь 20-х гергга стаг лачкъийнера, ницкъахоша Iаьржа пардон долу машенийн куьзганаш дохадора. The Insider гIирсан информацица, машенлелорхошка кехаташ хиттина ца Iаш, тIехбуьйлучу нахе а цхьаьна хоьттура. Baza ресурсо яздо, оцу гIалахь конфликтна юкъахь хилларш лехна ца Iаш, цуьнга хьоьжуш лаьттинчарна а тIаьхьабевлла бохуш. Оццул нах лачкъийна хилар тIечIагIдора иштта "Кавказский узел" гIирсо а.