ГIалгIайчохь рогIера пенсиш сецор "нийса боцучу хаамашца" кхетийна Iедало
ГIалгIайчуьрчу Iедало пенсеш сецор кхетийна "электронан гIуллакхашкахь нийса хаамаш ца хиларца". Цунах лаьцна республикан куьйгалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь дийцина Оьрсийчоьнан Пенсин фондан регионерчу декъан урхалхочо Евлоев Зубайра.
"Фортанго" дийцарехь, гIадужу-баттахь ГIалгIайчоьнан бахархошна шина кIирна сацийнера пенсеш схьадалар. Калиматовс оцу хенахь дIахьедина ма-хиллара, республикехь рогIера талламаш дIахьочу йукъанна гучубевллачу керлачу кхачамбацаршца доьзна дара бахьана. ГIуран-беттан шолгIачу декъехь проблема йуха а нисйелира, цунах лаьцна дIахьедира меттигерчу "Единая Россия" партин муниципалан депутата Алиханов Алихана а, республикехь вевзаш волчу Чумаков Хьамзата а.
Маса вахархочун пенсиш сецийна, билггал хууш дац. ГIалгIайн телеграм-каналаша масех эзар стаг ву боху уьш.
Пенсийн йуккъерчу барамехула йолчу рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкахь нисйелира Къилбаседа Кавказан йерриг йалх республика а, Адыгея а. И хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан Пенсин фондо. Оцу барамехь тIаьххьара меттиг йу Дагестанан (12 761 сом), цул хьалха рейтингехь ГIебарта-Балкхаройчоь йу (13 061 сом), тIаккха Кхарачойн-Чергазийчоь (14 049), Г1алг1айчоь (14 137), ГIалмакхойчоь (14 215), Къилбаседа ХIирийчоь (14 743), Нохчийчоь а (14 813).
ГIалгIайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь а Оьрсийчоьнан уггар ледарчу регионийн "РИА Новости" пачхьалкхан агенталлин рейтингехь нисйелла. Бахархойн дахаран хьелашца, социалан-экономикан таронашца, белхан меттигашца, кхинйолу билгалонашца а хIоттийна йу и рейтинг.
ТIом болабелчхьана бахархоша доккхучу ахчан барам лахбалар толлуш хIоттийначу рейтингехь хьалхара меттиг йаьккхина ГIалгIайчоьно и меттиг республико Камчаткица йекъна. ГIеххьа ахча лахдалар гучудаьлла Кхарачойн-Чергазийчохь, Дагестанехь, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь. Цунах лаьцна дуьйцу Росстатан диллинчу хаамашкахь.
Алапашна йукъахь йоккха башхалла йолчу оьрсийн регионийн рейтинган чакхенехь нисйелла ГIалмакхойчоь, ГIалгIайчоь. Баттахь 100 эзар соьмал дукха ахча доккхуш болу белхахой а, 20 эзарал кIезга алапа долу белхахой а тидаме оьцуш хIоттийна йу рейтинг.
2021-чу шарахь нехан бахаман барам луьстуш хIоттийначу рейтингехь аутсайдер хилла ГIалгIайчоь, тIаьххьарчу итт меттигашкахь Къилбаседа Кавказера регионаш нисйелла. Пачхьалкхан хаамийн "РИА Новости" агенталло хIоттийна и рейтинг.