World News in Chechen

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Нохчийн мухIажар Оьрсийчоьне дIалуш бина сацам юхаэцна Францин кхело

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Оьрсийчоьне дIавала бинчу сацамна дуьхьал Нохчийчуьра мухIажаро чубелла латкъам Парижан админстративан кхело къобалбина.


ДIахьединчу А-с (кхелан сацам тIехь цуьнан цIеран элпаш бен дац билгалдаьхна) шена Францино депортаци йеш, Оьрсийчу дIа а хьажош бина сацам къуьйсура МВД-ца.


Оьрсийчу депортаци йарх хьакхалучу латкъамна жоп делла А-на. Кхечу тIедахкаршна, Францира араваккха сацам юхабаккхарх а, дIасавалар доьхкуш дина хьесапна дуьхьало йина кхело,


Оцу юкъанна кхело пайдаэцна хьалхо дIахьединчун латкъамехула Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамах, цо тIечIагIдинера "тоьшаллаш ду, нагахь санна иза Оьрсийчоьне дIалахь, цунна билггал кхерам хилар, Конвенцин 3-чу къепенца догIуш доцург цунна тIехь лелор хилар". Хьахийначу адамийн бакъонийн Европан Конвенцин къепено билгалдоккху, цхьанна а тIехь Iазапаш лелон, цуьнан сий дойуш таIзар дан а мегарг цахилар.


Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира ЕСПЧ-кхело тIеэцначу оцу сацамах лаьцна, цу тIехь W.инициалашца вуьйцу иза. Франци веанчу цунна мухIажаран статус а йеллера 2007-чу шарахь. Цул тIаьхьа шозза Оьрсийчу вахана хиллера иза – Санкт-Петербургехь цомгаш волчу дена тIехIотта а, Къилбаседа ХIирийчохь арахьарчу мехкашкахь лела керла паспорт даккхийта а. 2020-чу шарахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIавала кечван волийра иза, исламистийн боламца воьзна хиларца а, 2010-чу шарахь Пакистанехь тIеман Iаморашкахь хилла аьлла шеконаш кхоллайаларна. 2021-чу шеран дечкен-баттахь ЕСПЧ-кхело цунна депортаци йеш бина сацам юкъахбаккхийтира.


Европан кхеле бинчу лаькъамехь W. цIе йолчо йаздинера, шегарчу хаамашца францхойн шеконаш хиллера ша нохчийн гIаттамхошца хилла ву аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша хаамаш цаьрга дIабаларна, иштта шена Оьрсийчохь кхерам лаьтта аьлла а.



2023-чу шеран чиллан-баттахь Кавказ.Реалиино йаздира кIорггера, Шемахь тIамехь дакъалаьцна ву аьлла бехкевина, Франицхь набахтехь таIзар токхучу Нохчийчуьра О.Зеламхин гIуллакхах лаьцна. Стигалкъекъа-баттахь маьрша волуш ву иза, цул тIаьхьа Оьрсийчу цунна депортаци йан дагахь бу Iедалхой. Нохчийчохь цуьнан гергарчарна тIеоьхуш, хоьттуш ву иза хIинцале а нохчийн полисхоша.
ТIаьххьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанаш нохчийн мухIажаршна, республика йозуш цахиларехьа къийсам латтийнарш бу царлахь, йа Кадыровн Рамзанан рожах зен хилларш бу, царна Оьрсийчохь лаьтта кхерамаш тидаме ца оьцу, чIагIдо Comité Tchétchénie а, Habitat-Cité а векалша. Церан билггал долу терахь хууш дац: депорташ йинчу нехан гергарчара шайга орца дехна меттигаш бен ца йевза царна.
Иштта 2022-чу шеран лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика йукъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 20I5-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.
Охан-баттахь бакъонашларъяран "Мемориал" центре кхечира, политикан тховкIело йоьхуш хиллачу, Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Оьрсийчоьнан официалан органашка Францин Iедалхоша дIакхачорах тоьшаллаш. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. 2020-чу шеран гIуран-беттан II-чохь Францира араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза чиллан-беттан 6-чохь, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. I9 шо дара цуьнан лечу хенахь.
2021-чу шеран аьхка Францера депорт йина волчу Гадаев Мохьмадна кхел йина Нохчийчохь. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.
Шен берриг доьзалца мухIажиран статус елира Ойсаев Джахарна цуьнан 7 шо долуш иза Франци ма-кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 22 шо долчу нохчочунна Ойсаев Джахарна депортаци йар сацийна кхело. 

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Ликсутов: Рублёво-Архангельская линия метро создаст новые связи на северо-западе Москвы



Жизнь

Ритуальные убийствa и оккультные корни бакинского неонацизма






Новости 24 часа

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета



Game News

Default app 3 (Кейс симулятор Standoff 2)



Москва

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве



News Every Day

Rangers Star Insists ‘Some Moments’ Have Showed Gers’ Quality



Происшествия

Между Екатеринбургом и Омском начнут курсировать "Финисты" – через Тюмень



Москва

Национальный академический оркестр народных инструментов России имени Н. П. Осипова празднует 105-летие



Андрей Григорьев-Апполонов

Андрей Григорьев-Апполонов призвал молодежь бежать из жестокого мира шоу-бизнеса



Москва

Фестиваль «Музыка нашего времени» откроется концертом-посвящением Марине Цветаевой



Мария Шарапова

Марии Шараповой завидуют все русские женщины. И вот почему



Москва

Сольный концерт Mayot при поддержке Like FM



Елена Волкова

Ирина Дубцова запустила амбициозный проект для российских семей



Симферополь

Патриотический час «Три цвета красками сияют – в Крыму день флага отмечают».



Москва

Родители 317,2 тыс. детей в Московской области получают единое пособие



Москва

Собянин: Гранты города помогают НКО в реализации социально значимых проектов



Москва

Фестиваль «Большая сцена» приглашает к участию талантливых людей со всей России



103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

За попытку прорваться в НИИ после стрельбы у WB арестовали шесть человек

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

СЕНСАЦИОННОЕ ПРОЯСНЕНИЕ ПРИЧИН СВО. ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНИТЬ! Россия, США, Европа могут улучшить отношения?!

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета


Москва

Соцфонд проиндексирует пенсии работающим пенсионерам в феврале






Rss.plus

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве

Росгвардейцы Чувашии стали бронзовыми призерами Чемпионата войск национальной гвардии по мини-футболу

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт «Бах vs Бетховен»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Фомичев отправил в нокаут Морроу в поединке «Бойцовского клуба РЕН ТВ»

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве


WTA

Александрова вышла во второй круг турнира WTA в Сеуле



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России