Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen



Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

ПIелгаш кегдира, коьрта тIе герз хIоттийра: Нохчийчохь тIелетта журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а

Товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна Соьлжа-ГIалин аэропортера схьабогIучу некъа тIехь тIелатар дира "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Лаха Новгородера кадыровхоша лачкъийна, полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейина, Соьлжа-ГIалахь кхел йечу оппозицин нохчийн жигархойн нанна Мусаева Заремина ден таIзар дIакхайкхочу деанера и шиъ. Адвокаташна а, журналисташна ницкъбеш кIелонаш йина хIара хилам дуьххьара бац Нохчийчохь. Бакъду, кхул а хьалха хилла цхьа а инцидент теллина йац.

Немов Александр заьIапхочун гIудалкх чохь ву, халла дIасаволало иза, уьрсаца цуьнан когана чов йина. Милашинин хиъна Iен а де дац – хье-туьта лазийна цуьнан, куьйгийн пIелгаш ду кегдина, масийттазза тиларчу а йаханера иза, йаздо "Новая газето". ТIелеттачара корта а баьшна, баьццара коьчал йоьттина цунна тIе.

Iуьйранна пхи сахьт долучу заманчохь адвокат а, "Новая газетан" автор а доьдучу таксин некъ къевлира кхаа машено. Цу чуьра арабевллачу герзашца болчу наха йиттира пассажирашна мийрашца а, гIожмашца а, кхерамаш тийсира герзаш тухур ду аьлла, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа-Кавказера филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас. Немовера а, Милашинера а схьайаьккхина церан техника а, документаш а хIаллакдира.

ТIелеттачара шаьш йеттачу хенахь дух-духа баьхнера: "Шуьга баьхнера. ДIагIо кхузара, кхин хIуммаъ ма йазде", дуьйцу адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро.

"Карарчу хенахь дуьйцуш ду Талламан комитете довларх хаттар. ТIелеттачаьаргахь герз хиллера, церан коьртеш тIе хIиттийна цара. Iедалхошна хууш, йа церан агенташ омра дина лелаш хила тарло уьш", - билгалдаьккхира Вансловас.

Цунна хетарехь, тIелатар доьзна хила тарло Мусаева Заремина ден таIзар довзийтарца: "Хетарехь, Iалашо хилла, оцу кхеташонехь мел а кIезиг адам хилийта, Заремин гIо лаца цу дийнахь бахка лууш хилларш а кхерон дагахь".

Дарбанан цIийнехь Милашина а, Немов а дуьхьал хилира полицин хеттаршна жоьпаш дала, хIунда аьлча, цунах цхьана а кепара пайда хир боцу дела, хаамбина цаьрца Нохчийчохь хиллачу "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран проектан куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

"Царна йиначу чевнийн фиксаци йина, хьалхара оьшу лоьрийн гIо а кхачийна. ТIелатар динчохь видеокамераш йара боху, амма шеконаш йу сан, царех пайда бер бу аьлча. Бакъоларйаран органех доьзна ду дерриг а, ткъа уьш, Мусаева Заремин гIуллакхехь а, бакъоларйархошна, журналисташна тIелатарш дича, вайна хууш ма-хиллара, иштачу меттигашкахь партал хуьлу", - тIетуьйхира цо.

Цкъачунна Немов а, Милашина а Соьлжа-ГIаларчу дарбанан хIусамехь ду. И шиъ Беслане дIадига дагахь бу, нохчийн омбудсмен Солтаев Мансур улло а ваьлла. "Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбарца, оцу кепара омра дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Оьрсийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа.

"Цуьрриг а дегайовхо йац"

Масех шо хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбира, "муьлхха мах охьабиллий а – йа байина, йа чубоьхкина, йа кхерамаш тийсина совцор бу", цунна хетарехь, "эладиташ даржориг", дагадаийтира Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь "Мемориал" центран куьйгалхочех волчу Орлов Олега.

"Тхо Талламан комитете а девлира, бехкзуламан гIуллакх айде бехира, амма цигахь таллам бан а реза ца хилира. Оцу кепара бакъоларйархошца а, бозуш боцчу журналисташца а хиларо – федералан центро мага а деш, нохчийн Iедалхоша шайн хIуъа а магош хилар дIагайтар ду", - боху бакъоаларйархочо.

 

Цо бахарехь, наггахь хеза, Нохчийчоь - Оьрсийчоь йац, цигахь шатайпа раж йу, цхьана а агIор сацалур йоцу: "Ишта дац и, хIунда аьлча, лечкъийначу нахах, таIзарш дечу набахтех а, кхечу зуламашна а тхан талламбан гIортарна тормоз тосу Къилбаседа –Кавказан гонашкахула йолчу Ессентукера Талламан комитетан урхаллин тIегIехь, Пятигорскера кассацин кхелехь а, иштта кхин дIа а".

Федералан центр – йукъахь йу Нохчийчуьра тоталитаран рожана, дIахьедира бакъоларйархочо: "Цуьрриг а дегайовхо йац сан, тахана хилла тIелатар а толлур ду аьлла".

Милашинина дина тIелатар гуш ду цуьнан балхаца доьзна хилар: цуьнан пIелгаш кегдина, ма йазде баьхна, дуьйцу "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Садовская Ольгас.

"Тхуна хетарехь, Милашина Еленинан дан лерина тIелатар ду и. Адвокат цуьнца машенахь воьдуш хиларна, ларамза цуьнца нисвелла. Мусаева Заремин шолгIа адвокатах, цунна таIзар кхайкхоче веанчу, кхин а кхаа журналистах а хIуммаъ а хьакъхелла дац", - элира цо.

 

Милашина Еленас Нохчийчоьнах лаьцна йазден дуккха а шераш ду, Нохчийчохь, цуьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахIоттийначу режимна критика йеш, дуккха а материалийн автор ю иза. Дечкен-бутт бовш "Новая газетехь" Милашинин материалаш арайевлира эмиграцихь бехачу Кадыровн критикех а, ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьабовларх а лаьцна.

Масех шо хьалха, иттаннашкахь маьрша бахархой кхел йоцуш байарх лаьцна, ша бина таллам зорбане баьккхира цо. 27 стеган цIе йаьккхира, хаамбарехь, Соьлжа-ГIаларчу ницкъахойн цхьахйолчу базехь тоьпаш тоьхнера царна, цул тIаьха къайлах дIабоьхкира уьш махкарчу кеп-кепарчу кешнашкахь, иштта керстанийн кешнашкахь а цхьаьна.

Милашинас бинчу талламца а догIуш, верриг а вийнарг хила тарлора 56 стаг.

2020-чу шеран чиллин-баттахь "Новая газетан" журналистана а цуьнца цхьаьна хиллачу адвокатана Дубровина Маринина а тIелеттера Соьлжа-ГIаларчу хьешан цIийнехь. Инцидент йиссира талланза.

Ши бутт баьллачу хенахь Кадыров Рамзан шога вистхилира "Новая газета" а, Милашина а хьахош, "Коронавирусах кхалхар – башха доккха зен а дац" аьлла, материал зорбане йаьккхича. Цу тIехь цо дуьйцура, Нохчийчохь ковидан ун кхеттачу нахана тIаьхьабийларх лаьцна. Мехкан урхалхочо "гуш долу харцдерг дийцарна" а, малхбален къайлахчу сервисаашна дохкадаларна а бехкедира "Новая газета". Иштта къадийра цо, Милашина хIаллакйан йеза аьлла а. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна ца гира Кадыровн дIахьедарехь "дихкинарг а, низамехь доцург а".

Журналистана критика йеш административан гIирсах пайдаоьцура Нохчийчоьнан Iедалхоша, цара бертаза тIедуьллура бюджетан белхахошна цуьнан материална бухахь негативе комментареш йитар.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь кхайкхамбира бакъоларйаран органашка Милашина а, "Iазапашна дуьхьалойаран Команда" кхоьллина Каляпин Игорь а лаца аьлла. "Террорхойн гIоьнчаш" бу уьш элира цо.

ХIетахь Таллламан комитетана тIедожийра "Новая газето" Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айде аьлла. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс хIетахь кхетийра хаамийн гIирсаш, Кадыровга йолу претензеш – Кремлехь листа йезаш йац аьлла. Цо бахарехь, полицино талла дезаш ду и гIуллакх. МостагIалла йа цабезам гIаторах лаьттачу Iедалан къепехь бехктакхаман гIуллакх ца долийра.

***

Тахана Нохчийчохь таIзар кхайкхийна Мусаева Заремина дуьхьал даьккхина хиллачу бехкзуламан гIуллакхехула. Прокуратуро ма-деххара, 5,5 шо кхайкхийна цунна набахтехь даккха.

Ша чевнашца воллушехь, Немов дагахь хиллера кхелехь хила, амма цуьнгара хьал эшарна таIзар кхайкхоче вахара Мусаева Заремин шолгIа адвокат – Савин Александр.

Карладоккху, 2022-чу шеран дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира. Йуьхьанца Мусаева Заремина, полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо.

ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара. Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" бакъаоларйаран пректо политикан тутмакх лаьрра Мусаева Зарема.

Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, сарташна тIе когаш биттира.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Жители Чувашии устроили в Архангельске "Заседание Межгалактического комитета безопасности"



Мир

Семьи со всего Уральского федерального округа приняли участие в конкурсе «Это у нас семейное»






Новости 24 часа

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Game News

Ubisoft cancels The Division: Heartland so it can focus on 'bigger opportunities' like XDefiant



Москва

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.



News Every Day

Glen Powell’s parents crash Texas movie screening to troll him



Авто

16-летнюю Volvo продали за рекордный срок



Москва

Лесной пожар потушили 18 мая в Воскресенске



Тимати

Мама Тимати ответила на провокационные вопросы о Валентине Ивановой и других девушках своего сына



Москва

«Локомотив» обыграл «Факел» и догнал по очкам «Краснодар»



WTA

Соболенко вышла в финал турнира WTA-1000 в Риме, в двух сетах обыграв Коллинз



Москва

Врач-инфекционист Мескина перечислила группы риска по листериозу



Россия

Институт экономики города и СберИндекс впервые исследовали доступность жилья в более чем 700 городах России



Симферополь

Фестиваль «Музыка моего города» в Бурятии украсил Театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура, Праздник и Дети



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

Собянин заявил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис Москва»



Москва

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.



103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.

В Москве неизвестные напали на инвалида и бросили в овраге

Женщина в Москве лишилась украшений после визита проститутки к ее сожителю

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)


Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)






Rss.plus

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Moscow.media
Москва

Собянин: Город привлек инвесторов для комплексного развития еще шести площадок



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

Антон Шастун, Баста, INSTASAMKA, Влад А4 и Клава Кока показали свои первые фото в сети в рекламной кампании ВКонтакте




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Воробьев открыл хоккейный турнир «Кубок Юнисон» в Красногорске

Разгром в Москве и драма в Сочи: «Динамо» без труда сохранило лидерство, но «Краснодар» остался в гонке за золото РПЛ

Сборная «Ахмат» - лидеры первого этапа Кубка класса МХ700


Новак Джокович

Новак Джокович: «Я никогда не скажу, кого считаю величайшим в истории – оставлю это другим»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Авто

16-летнюю Volvo продали за рекордный срок



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России