Тахана, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь бовзийтинчу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус толлуш 3820 тест йина. Роспотребнадзоран урхалло довзийтина терахьаш, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
"Таханалерачу дийнахь верриг а ун хааделларг ву 14318 стаг, тIаьххьарчу 24 сахьтехь 124 вахархочуьнца гучуяьлла коронавирус", - аьлла ду хаамехь.
Махкахь 12655 вахархочунна дарба а хилла, лоьрийн тергонера дIаваьккхина, кхелхина COVID-19 вирусах 240 дархо.
Карарчу хенахь ун токхуш ву 1423 вахархо.
Чиллан-баттахь Кадыров Рамзана хаамбира... Читать дальше...