Шаьш-шайна массарел а кIезиг зулам до Оьрсийчуьрчу бахархошлахь нохчаша а, гIалгIаша а, Дагестанерчу къаьмнаша а
Оьрсийчохь уггаре кIезиг малар, томка, наркотикаш лелочу бахархойх бу Къилбаседа Кавказера нах, боху РИА Новости агенталло бинчу талламан жамIо.
2018-чу шарахь муьлхачу махкахь, мел къаьркъа, чIагIар, цигаьркаш йоьхкина, мел дукха нах лецна маларх, наркотиках кхеттачохь зуламаш дина, зийна агенталло.
Дикачу хьолехь болу 10 мохк:
Нохчийчоь,
ГIалгIайчоь,
Дагестан,
ГIебарта-Балкхаройчоь,
Къилбаседа ХIирийчоь,
Волгоград,
Тамбов,
Ставропол-мохк,
ГIезалойчоь,
Саратов.
Вочу хьолехь болу 10 мохк:
Тыва,
Курган,
Забайкальски мохк,
Ненцойн мохк,
Хакаси,
Сахалин,
Жуьгтийн Республика,
Буряти,
Магадан,
Камчатка,
Ямал-Ненцойн мохк.
Москва а, Петербург а ю 53-чу а, 70-чу а меттигашкахь ю. Шинхьа а яьржина лору наркомани. Петербург ю, боху талламо, уггаре дукха наркомани яьржина регион.