Полисхочо кхиазхочунна еттар толлур ду Нохчийчохь
Иласхан-Юьртара божарий сийсазбеш социалан машанакахула къамелаш дина Шелковскерчу кхиахой схьа а гулбина, царех цхьанна полисхочо еттарх кху беттан 13-чу дийнахь "Кавказ.Реалии" сайто бина хаам талла болийна Талламан комитето.
Маршо Радионо шен сайтехь зорбане яьккхинера полисхочо барт а хоттуш, кхиазхочунна етташ видео.