Кадыров Рамзанна "керлачу шеран совгIат" дина Iамерко
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхина министраллехь. "Адамаш дарна а, кхел йоцуш нах хIаллакбарна юкъара йолу администраци Кадыровс, ша урхалхо хиларе терра, Iуналлехь латтош ю. Кадыровн омраца вийна ву цуьнан политикан цхьа оппонент, цо Нохчийчохь долчу хьолах ма-дарра дийцар бахьана долуш", яздо пресс-релиз тIехь. Читать дальше...