Йийсархой хийца болийна Украинехь
![Йийсархой хийца болийна Украинехь](https://gdb.rferl.org/7EB0C0D6-5DB4-4018-B944-F8DC8D2142B9_w800_h450.jpg)
Украино а, Донбассера йозуш йоцуш ю шаьш аьлла дIакхайкхийнчу ДНР а, ЛНР а шина республико хуьйцуш бу йийсаре лецна нах, хаам бо Интерфаксо. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, йийсархой хуьйцуш бу Донецкан кIоштан Горловка олучу эвлан йистехь.
Украина дIавала дагахь ю 306 стаг. Царна дуьхьал лур ву сепаратисташа лецна 74 украинахойн йийсархо.
Дийцарехь, 10 сов стаг реза ца хилла Украинера дIаваха. Хийцар дIадирзича украинахой беркеманашца дIабуьгур бу Харкиве. Цигахь уьш цхьаьнакхетар бу президентца Порошенко Петроца.
Цул тIаьхьа йийсарера маьршабевлларш дIасабуьгур бу шай-шайн цIа.