Шайх Арсанов Дени вийна 100 шо кхачар дагалаьцна Нохчийчохь
Шайх Арсанов Дени вийна 100 шо кхачар билгалдоккхуш гуламаш дIабаьхьна Нохчийчохь. Дуккха а нах гулбеллера кхаарин дийнахь Хьалха-Мартанахь цуьнан зияртехь. Соьлж-ГIала чуволлучохь БухIан-юртахь а, Теркйистерчу Галнехь а цхьаьнакхетарш дIадаьхьира шейх дагалоцуш. Мовладаш йийшира, доIанаш а дира. Шайх Арсанов Дени вийна 1917 шарахь ГIура-беттан 27-чу дийнахь, Соьлж-ГIалин йистехь гIалгIазкхийн а, оьрсийн эскархойн а баьччанашца а цхьаьна а кхетта цIавоьдуш. Кхаа баттахь латтийна цуьнан а, цуьнца... Читать дальше...