Добавить новость
World News in Chechen

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Тахане муха туьдур яра Политковская Аннас ша дийна хилча?

Еарийдийнахь 10 шо дуьзина Политковская Анна йийна. Москохарчу шена хIусаман лифтчохь коьртах 4-зза тапча тоьхна йийна карийра бакъдерг ца кхоьрруш дуьйцу журналист.


Лурчаха Москохарчу кхело Политковская Анна ерна бехкевинчу Нохчийчуьрчу пхеа  вахархочунна хенаш туьйхира.


Кхело иза ер дуьйзира цо дуккха а шерашкахь, Нохчийчоьхь тIом боьдуш а, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш Iораяхарца.


Амма Политковская Аннин агIончашкахь тахана а Iеткъаш деха харцо толар.


Реза бац уьш и гIуллакх кхачойоллуш таллаза дисарна, журналист ен кхачийнарш кхелан гIента ца ховшорна.


Политковская Аннина кест-кеста кхерамаш туьйсура муьлш бу ца хуучу наха, амма догмайрачу оцу зудчо хьесапе а ца оьцура иза.


Иза къонах хуьлий, йоьдура ша юьхьарлаьцначу новкъахула, мел луьра делахь а, бакъдерг даржош, Iедалхоша мискачу халкъаца лелочу харцонашца къийсаме а юьйлуш, адамийн бакъонаш хьешар далхош, шена чуьра садаллалц яьхна иза.


Уггаре луьра тIемаш лаьттачу заманчохь Нохчийчу, орцахйолий, йоьдура Аня, цо баккхийчу хьаькамашка луш хуьлу хеттарш даима хезара майра, доьналле.


Нохчийчуьра шайн цIераш яха ца хIоьттинчу шина зудчо дагалоьцу оьрсийн эскарша бехк-гунахь доцуш дIабигина шайн нах лоьхуш, майра журналист шайна орцахъяларх.


Шен цIйинда дIавигина, цхьа а лар йоцуш, ша цхьаъ йисинчу хенахь, хIетахь шайн юьрта еанчу Политковская Аннас шена динчу хьехарх дуьйцу Ларисас.


Лариса: «Айса хIун дер ца хууш, йоьхна со хьийзачу хенахь, Политковская Анна яра тхан юьрта еана. Цуьнца цхьаьнакхетар хилира сан, «ахь а, хьо санначара а шайн бала балхош хиларе терра бен шун гIуллакх хир дац» аьлла, хьехар делира суна цо. Адамийн даге хьожуш, дог эца хууш, оьцуш, адам девзаш, цуьнга дийца дезарг хууш стаг яра иза».


ТIеман шерашкахь кIант вайна, иза  лоьхуш кога-акхаяьлла леллачу Заретана тахана а дагахь лаьтта Политковская Аннина шен кIант карорах.


Зарет: «КIант велла шун, цуьнан докъана дуьхьал автомат ло бохуш гIазакхиша, хьийзадора тхо. «Аш хIун дуьйцу, къанъеллачу зудчун мичара хир ю автомат», аьлла, дуьхьал яьллачу Политковскина карийра-кх сан кIант набахтичохь. Хьалха Дела, шолгIа Политковская Анна бахьанехь сан кIант цIавеара».


«Дош» журналан коьртачу редакторан гIовс Дудуев Iабдулла дуккха а шерашкахь уьйрашкахь хилла журналистаца. Политковская Анна дагалоьцуш цхьа могIа барамаш бу Москох дIахьош.


Маршо Радионо дийхира цуьнгара дош


Дудуев: «ТаIзар дан догIучарна масарна а ца дина. Уггар коьртаниг, иза ен омра динарг, и мила ву хууш дац хIинца а. Соьга хаьттича. нохчашна Политковскаяс бина болх,шен дахар дIадаларца гайтина хьуьнар, доккха мехал хIума ду. ХIунда аьлча, шолгIа тIом болабелча, хьалхарчу тIамехь лелийна харцонаш, зуламаш Iорадохцш лелара иза.


Ма дарра бакъдерг дIадовзийта таро йоцучу зенахь,  бакъдерг Оьрсийчоьно къайладаьхьначу хенахь, и бакъдерг довзийтинарг Политковская ю».


Дуьненаюкъарчу журанлистийн бакъонаш ларъечу комитетан зерашца, дуьненахь 1992 –чу шерера кху дийнне кхаччалц 1210 журналист ву верриг вийнарг.


Кху дийнахь Оьрсийчуьрчу а, ишшта, Малхбузерчу а дуккхаъчу гIаланашкахь дагалоьцу Политковская Анна, зорбанашкахь араюьйлу кеп-кепара артиклаш.


Политковская Аннас болх бинчу «Новая Газета» редакцин белхахоша шуьйра видеокхайкхам баржийна интернетехь.


«Журналисташа хоьтту тхоьга: «Муха хуьлу шун дог-ойла кху дийнахь? Жоп ло: луьралла ю тхан дегнашчохь! Луьралла сийса Политковская  йийначаьргахьа а, иза ен декхарийла биначаьргахьа а. Дералла ю тхан журналист ен омра динарг карорхьама Iедало цхьана а кепара гIулчаш йохуш цахиларна.


Тхо дарло пачхьалкхийн векалша бехкечарна доггIу таIзар дина бохуш, дIахьедан хIиттича.


Цундела ма ала, экаме, доьналла, ницкъ болу, хаза зуда Политковская Анна ерах гIуллакх теллина, листина даьлла».


Ишта бу «Новая Газета-н» белхахоша халкъе бина кхайкхам.


Европан кхерамзаллехула, цхьанаболхбарехула йолчу организацин (ОБСЕ-н) хаамийн гIирсийн маршоларъяран векало Миятовия Дуньяс ша арахецначу артиклехь яздо: «Политковская ейтарна жоьпаллехь верг хIинца а маьрша ву. И гIуллакх дIакъовла йиш яц уггар коьрта бехкениг набахте хьажжолц.


Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллаша, ОБСЕ-но а цхьаьна дижа дуьтур дац Политковская Аннин гIуллакх, оха кест-кеста дагадоуьйтур ду Iедалхошна царна тIехь дисина декхар хилар.


Политковская Аннина хьалха а, бакъдерг лоьхуш, шайн синош дIаделлачу  кхечу журналисташна хьалха а».

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media









103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России



Топ 10 новостей последнего часа



Rss.plus


Новости России







Rss.plus
Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России