Кубанерчу жигархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна экстремистийн юкъарло кхолларна
Терроризм а, экстремизм а бакъярна, колонехь даккха 6 шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолу Краснодаран махкара жигархо Полюдова Дарья декъашхо хилла кхин а цхьана бехктакхаман гIуллакхехула, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIинца цунна бехке дуьллуш ду "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало) экстремистийн юкъаралла кхоллар. Иза латтош ю Москварчу "СИЗО № 6" талламан изоляторехь. Цуьнан адвоката Соловьев Леонида дийцарехь, Полюдова цкъачунна бехкехетачун статусехь ю. Иза ду, экстремистийн юкъарло кхолларна цкъачунна цуьнга бехк кховдийна бац, бохург. Читать дальше...