Кадыровн йоI 10 шо кхачарца декъалйина меттигерчу министраша а, ансамблша а, ницкъаллин структураша а
Нохчийчуьрчу Iедалан лаккхарчу даржашкарчу наха инстаграмехь флешмобца даздина, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIан Кадырова Ашурин 10 шо кхачар. Цунна тIе тидамбахна Кавказ.Реалиин редакцин. Йинчу денца Кадыровн йоI декъалйина "спецназан" полкан командира а, масех министро а, бюджетан хьукматаша а. Шен йоIан юбилейх лаьцна "ВКонтакте"социалан машанехь яздина ша, республикан куьйгалхочо а, доьшуш а, кIуран Iамош а, денанна а, нянина а бахамехула гIо дарехь цуьнан болу кхиамаш билгал а бохуш. Читать дальше...