Терроризмана бехкевечу веаннан гIуллакх кхеле кхачиийна ГIалгIайчохь
Оьрсийчоьнан ГIалгIайчухула йолчу Талламан комитетан урхалло кхеле дIакхачийна махкарчу веа вахархочнна дуьхьал айдина гIуллакх. "Терроран" масех къепехь бехкаш дехкина царех шинна. Талламан версица, уьш бехке бу теракт кечъярна а, лоьлхуьйтурш ярна а, Машанехь экстремистийн кхайкхамаш барна а. Вукху шиммо динарг террорхойн гуллакхна гIо латтийна аьлла лерина. ГIалгIачуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша хаамбарехь, махкара ши вахархо Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн организаци юкъа ваахна хилла. Читать дальше...