Полицин декъехь ницкъбинчул тIаьхьа гергара ши стаг валарх дийцина Нохчийчуьра вахархочо
Нохчийчуьрчу полицин декъехь гIело хьегийтинчул тIаьхьа меттигера ши вахархо Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхина. Ницкъахоша лачкъийна вигина, Iазап хьегийтинчул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ. Алхазов Аюб велла марсхьокху-беттан 20-чохь, Германихь вехачу цуьнан вешин кIанатна а, несана а хиъна цунах лаьцна кху деношкахь. Полицин декъехь Iазап лайначул тIаьхьа жаннашца бала хьоьгуш вара иза, масех баттахь кхерамца, сингаттамца хан яьккхинера цо... Читать дальше...