Тутмакхаш хийцарца доьзна хила мега Берлинехь нохчо верна чувоьллинарг кхечу набахте хьажор - зорбанаш
Нохчийн тIеман буьйранча хилла волу Хангошвили Зеламха Германехь верна чувоьллина волу оьрси Красиков Вадим Берлинерчу набахтера "депортацига ладоьгIу нах латторан лерринчу хьукмате" дехьаваьккхина. Хийцо кечвеш хиларан тоьшалла хила мега иза. Тегель олучу набахтин шогачу хьелийн декъехь латтош вара хьалхо Красиков, дуьйцу Welt-о. Цуьнан кхерамазалла ларъярца доьзна ду боху хьасташа иза дехьаваккхар – хьалхо а Красиков масехазза цхьана набахтера вукханхьа воккхура. Амма Красиков хIинца Баварехь... Читать дальше...