Иттаннашкахь нохчийн мухIажарш берашца Боснихула а, Герцеговинехула а дехьа ца бовлуьйту
Шайн хIусамнаношца а, кегийчу берашца а цхьаьна Нохчийчуьра 60 сов бахархой гIерта Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехула дехьабовла. Царех цхьахволчуьнца зIе тасайелира Кавказ.Реалиин. "Iуьйранна дуьйнна дозана гергахь вовшахдетта дуьйладелира тхо, амма тхо дехьа ца довлуьйту. Боснин Iедалхошкахьара цхьана а кепара агресси йац тхоьца, оццул долу адам дозанан постехула чекхдолуьйтийла йац шайн бохуш, кхетадо цара", - дийцина Д.Муслима. Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хьалхо хаамбира... Читать дальше...