"Лайш бан": дIабахначарна тIехь терго латтор йу аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша
Нохчийчохь Iедалхоша йуха а дIахьедина махкара дIаоьхучу бахархошна тIехь шаьш терго латтор йу аьлла. Меттигерчу зорбанан министро билгалдаьккхина, Кадыров Рамзана "шогаллица" тIеоьцу кхечу регионашкахь нохчий "товш доцуш" лелча. Регионехь ламасташ репресси йаран дакъа хиларх лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа. Нохчийчуьра къоман политикан, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, республикера арабевллачу Нохчийчоьнан бахархойн "леларна" тIехь шен урхалло бIаьрг латтабо. Читать дальше...