"Харцахьа лелара" аьлла шен зуда йийна Къилбаседа ХIирийчуьра эскархо маьрша витина
Шен хилла хIусамнана галваьллачохь йийна аьлла бехкевинчу ефрейторна Битаров Эдуардана Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонийн тIеман кхело таIзар тIечIагIдина. Шен тIеман балхаца лакхаваларца дозанаш тоьхна цунна цхьана шарна, цуьнан алапа тIера итт процент пачхьалкхана а дерзош. Сил кIеда дитина таIзар къовса гIоьртира йийначун гергарнаш, амма гIуллакх ца хилира церачух. ТаIзарехь йаздарехь, 2013-чу шарера схьа дуьйна контракт дина эскаран гIуллакх дечу Битаровс стохка стигалкъекъа-баттахь шен хIусамнана Эмма йийра. Читать дальше...