ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаккхара совгIат делла нохчийн куьйгалхочун 15 шо долчу кIантана
"ГIебарта-Балкхаройчоьнна гIуллакхаш дарна" аьлла, регионан лаккхара совгIат дина Нохчийчоьнан урхалхочун воIана Кадыров Адамна. Мехкан куьйгалхочо Коков Казбека дIакховдийна совгIат. Орден схьаэца Нальчике вахара 15 шо долу Кадыров Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамца цхьаьана. Хьалхо зорбанашкахь йаздора, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалхой дуьхьал хиларх Кадыровн кIантана совгIат дан. Шайн телеграм-каналашкахь Кадыров Рамзана а, Коков Казбека а хаамбина совгIат дарх лаьцна. Читать дальше...