Керла совгIат делла Кадыров Адамна – хIинца цуьнан вежаршна а цхьаьна
Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна КадыровгIеран Ахьмадна а, Элина а, Адамна а керла совгIаташ дина - республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада орденаш йелла царна "Даймехкан Сий" аьлла. "Ахьмад, Эли, Адам къеггина масал ду тIекхуьучу тIаьхьенна! Дукха жимчохь дуьйна динан низамаш толлуш, дезачу КъорIанан Хьафизаш бу уьш, цара дешарца а, спортехь а, йукъараллин дахарехь а кхиамаш боху!"- комментарий йина совгIат даларх лаьцна Нохчийчуьра къоман политикан, информацин министро Дудаев Ахьмада. Читать дальше...