Нохчийчоьнна гонахара мехкаш муха къийсало уьнца
Дагестанехь 13 вахархо ву дийнахь-буса коронавирус гучуяьллачаралахь. Ишта ду меттигерчу Роспотребнадзоран декъо довзуьйту терахь.
Верриг а 57 стаг ву ун кхетта, царех 53 виллина дарбан цIийне. Инфекци яьржичхьана схьа товелларг виъ стаг бен вац. 4178 вахархочуьнгара тест эцна, карантинехь ву 3667.
Ставропол-махкахь селхана 3 стагца карийна вирус. Губернатора Владимиров Владимира, шайн гIаланашкахь а, ярташкахь а даьржаш ду, аьлла, ун. Цо шен Instagram-каналехь бахарехь, 42 стаг ву махкахь цомгуш. Вирусах товелла цигахь 6 стаг, 1 велла.
Дарбан хIусамашкахь дархошна меттигаш ца тоьу Ставропол-махкахь. Оцу бахьаница 1300 меттиг ю кечъеш, хIо луш болу гIирс хIоттор бу цхьана хена юкъахь 600 стагна кхачо ян, аьлла Владимировс. Цо бахарехь, Iедалх бозуш боцчу совдегарша а до коронавирусна духьаллатта гIо.