Кадыровн йоI 10 шо кхачарца декъалйина меттигерчу министраша а, ансамблша а, ницкъаллин структураша а
Шен йоIан юбилейх лаьцна "ВКонтакте"социалан машанехь яздина ша, республикан куьйгалхочо а, доьшуш а, кIуран Iамош а, денанна а, нянина а бахамехула гIо дарехь цуьнан болу кхиамаш билгал а бохуш.
ЙоI декъалъеш яздина кхечарца цхьаьна Нохчийчоьнан Iедалан гIандас Хучиев Муслима а, республикерчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, информацин министра Дудаев Ахмеда а, къинхьегаман а, Нохчийчоь социалан кхиаран а министра Баширов Усмана а, Соьлжа-ГIалин кIоштан куьйгалхочо Абазов Рустама а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а гIуллакхийн урхаллин куьйгалхочо Шамилова Хьавас а, Кадыров Ахматан цIарахчу полицин спецназан полкан командира Оьрсийчоьнан турпалхочо Чалаев Замида а, Нохчийчуьрчу МВД-н бахаман а, сервисан а токхо яран Центран хьаькамо Сулейманов Романа а, Соьлжа-ГIалин Октябран кIоштан куьйгалхочо Исмаилов Русланбека а.
Флешмобах дIакхетта иштта Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштан бахархойн социалан гIуллакхаш кхочушдаран комплексан центр а, ГТРК "Вайнах" а, пачхьалкхан фолклоран эшарийн а, хелхарийн а ансамбль "Нохчо" а, "Заманхо" ансамбль а, Соьлжа-ГIалин № 1 йолу клиникин дарбан цIа а, ТIехьа-Мартан кIоштан администраци а.
Церан тексташ тайп-тайпана ю, амма царна бухехь цхьаъ ду: йоIан тайп-тайпана похьмаш хестор, иза дешарца ларош хилар а, оьзда а догцIена а хилар а.
Лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша иза йинчу денца декъалйора хьалхарчу шерашкахь а. Амма цу хенахь зорбан гIирсаша яздора Кадырова Ашура 2012-чу шарахь ГIура-беттан 12-хь бохуш.
"ХIокху постийн хьовха, амма кхечу а кхутайпачу кхечу постийн а (масала, Кадыровна гIортор еш, цо цхьана агIор Сокуровца дIахьучу девнехь) цхьатера стиль хиларо гойтуш ду Кадыровн гонна, оьшуш хилахь, урхалладеш хилар цхьацца леррина билгалбаьхначу наха. Бу-дера цхьацца нах, иза шайн лаамехь деш а, амма уьш энтузиасташ бу, цуьнан гонера нах бац. Доцца аьлча, иза секта ю, шайн билггала низамаш а, декхарш а долуш, царах цхьаъ ду Кадыровн гергара нах декъалбар", - комментари йина оцу флешмобана, Кавказ.Реалиин дехарца нохчийн оппозицин 1ADAT боламан векло.
Жигархой тешна бу, цу тайпа дуккха а наха Кадыровн доьзалера а, гергара а нах декъалбар вовшахтухуш хиларх, цо ша хьахадой а, къобал дой а, цунна хазахета оцу наха шена шаьш "лайн амалан кепехь муьтIахь хилар а, ташаме хилар а гойтуш".