Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

20 шо хьалха гина  адам довза тарлой? Псковскан десантана тIелеттачаьрца хилла боху Нохчийчуьра вахархо

20 шо хьалха гина  адам довза тарлой? Псковскан десантана тIелеттачаьрца хилла боху Нохчийчуьра вахархо

Ростов-на-Дону гIаларчу кхелехь кхел йеш бу Нохчийчуьрчу Алханов Мохьмадна, 2000-чу шеран чиллин-баттахь-зазадоккху-баттахь, Псковерчу десантана тIелатар хьокъехь. Хьалхо, 2004-чу шарахь, низамца боцчу гIаттамхойн тобанашца хиларна 10 шо хан туьйхира цунна. И хан дIайаллац иза чохь а ваьллира. 2021-чу шеран йуккъехь иза йуха а дIалецира керлачу бехкаца. Цу шеран лахьан-баттахь психиатрикан - лазартнера вада аьтто белира цуьнан. Амма цхьамма волун меттиг хаийтина, йуха а Iедалан каравахара.

Нохчийчохь тIом болалучу хенахь Алхановн 12 шо дара. Ткъа ВДВ Псковскан дивизин десантан 6-чу ротана тIелатам бечу хенахь цуьнан 18 шо а дацара. Цу гIуллакхца болх бечу талламхоша Алханов цу тIелатамехь хиларх цхьаьллиг цхьа тоьшалла ца даладо, боху адвокаташа. ХIинца Алханов Ростов-на-Дону гIалин номер 1 йолчу СИЗО-хь латтош ву.

Цул совнах, экспертизо аьлла дара, цуьнан дегIаца дехха герз лелорна хIиттина таммагIаш дац, йа цхьа тайпа монаш, чевнаш ца карийна, аьлла. Адвокато дийцарехь, и керла гIуллакх гIатторан бахьана дара, цхьана десантхочунна 20 шо даьллачул тIаьхьа Алханов цигахь хиллачех ву аьлла вовзар.

Алханов Магомедна бехке дуьллуш дерг цхьа а бух боцуш хIума ду, и гIуллакх дерриге - кечдина, боху "Мемориал"- адаман бакъонашларйаран центро. Цхьаьнакхетараллехь болучара билгалдоккху, псковскан десантана тIелатарехь дакъалаьцна хила тарло бохуш, "цхьа могIа" нах бу цара чекхбохуш. Ткъа и гIуллакхаш толлучу тобанехь цхьа а цкъа а хийцалуш вац. Даимна цхьа тоба йу болх беш,- гойтуш долу тоьшаллаш хьалха дуьйна схьа цхьатеррачу шаьш бовзийта цалуучу тешаша делларш ду.

Алхановн гIуллакхе ладогIар хенаца дахдина, цуьнан бехк лорушдерш бух боцуш ду, цуьнга ша цадинчунна даре дайта беш болх а бу Iедалхой, элира ша йовзийта цалуучу Алханов Мохьмадан гергарчу зудчо Кавказ.Реалии редакцига.

– Муха ву Мохьмад, муьлхачу хьелашкахь латтош ву иза?

- Тахана [зазадоккху-беттан 21-хь] цхьана йоццачу ханна гайтира тхуна и. Йуха а йуккъехь ангалин кор долуш. Цкъачунна дика ву. Цхьа а тайпа латкъамаш бац. Кхуза, Ростове схьавалийчахьана, дикка гIоле хета, хьалха Астраханехь, Пятигорскехь волуш хиллачул. ХIинца тхо цунна тIевалон цергийн лор лохуш ду. СИЗО схьавогIунверг, йа иза ша цхьана клинике дIавига мегар долуш. Амма цуьнан гIуллакхан луьралле хьаьжча, иза тхайга цхьанхьа вуьгуьйтур ву аьлла-м ца хета.

–​ Мохьмадан гIуллакхах дийцахьа. Муьлхачу бехкана тIетевжина, гIаттийна цара и?

– Цуьнан гIуллакх шаьш бовзийта цалуучу йалх тешан къамелшна тIехь вовшахтоьхна ду. Талламхоша шайгахь цу хенахь йийсаре лаьцна тIемлой бу боху. Церан суьрташ ду шаьш даьхна аьлла, амма гIуллакхехь схьагуш йа церан цIераш йац, йа церан суьрташ дац. Уьш СКР-хь ду боху. Амма цу [тIемлошкахь] карабоьлхучу хенахь документаш ца хилла, билггал уьш муьлш бу ца хаьа олу. Талламхоша шайгахь цу йалханнан цIераш йа боху, амма экспертизана уьш йовзуьйтуш йац. Оха и фамилеш тIехь йолу кехат схьадехнера. Тхуна иза ца делира. Йа лур ду аьлла а ца хета тхуна.

Мохьмад дIа ма леццинехь, цунна тIе цхьа стаг валийра. Иза а, дийцарехь, цу тIелатарна бехке хила тарлучарех вара. "Тамашийна дара" цу шинна масех сохьтехь къамел дан магор. Ма-дарра аьлча, валийначо Мохьмаде хьо цу тIелатарехь хилла алий даре де, тIаккха хьуна хан лахйийр йу бехира. Хьуна ца лаахь а, хан тухур йу хьуна бохуш.

Цул тIаьхьа, иза СИЗО схьавалийча, изза стаг цуьнца цхьана чохь нисвира. 10 суткехь цо Мохьмаде кхел хилале хьалха барт бахьара ахьа бехира. Мохьмада шена ца лаьа аьлла, тIе ца дитира. Ша бехке вац, шена церан къинхетам ца оьшу аьлла, дитира. Иза Пятигорскехь волчу хенахь, оперативнико массарна хезаш камеран неIарна улло вахана, хаьттира: "ТIаккха, барт хиллий шун? Реза вуй Алханов?" Камерна чохь хиллачу ворххIе стагана хезира цо иза олуш. Щена Мохьмадна а.

–​ Цу тоьшаллаш дечу йалхамма хIун боху цу гIуллакхах?

– Вайна массарна ма хаьий, шаьш ца бовзуьйту тешаш муха хуьлу а, уьш мичара бовлу а. Йа шайн тIера [цу кепара] бехк дIатоттуш дуьйцу, йа ницкъ бина долуьйтуш тоьшаллаш хуьлу.. Вайна ца хаьа, цигахь билггал хIун ду. Амма вайна хаьа, и тайпа тоьшаллаш цхьанна бух тIера хила йиш йац. 20 шо хьалха гинчу адаман йуьхь-сибат муха хилла дагадогIур дац. Ткъа царна иза мел лекха вара а, цуьнан бетан, меран билгалонаш а дагайогIу. Цара дийцарехь, боьдуш тIом болуш, уьш Мохьмаде хьоьжуш Iаш хилла. Цуьнан йуьхь-сибат толлуш. ХIинца царех цхьамма шена тоьшаллаш йухадаьхна.

Иза хила йиш йолуш ма дац. Масала, сайца дешна йоI ца йевзир-кх суна, оха дешначул тIаьхьа 10 шо даьлча,- цхьа а тIом боцуш парггIат тхаьш девзаш хиллашехь. Ткъа кхузахь, луьрачу тIамехь, йууш, молуш йоцуш, кIадбелла нах, шайн лазийнарш дIабахьан де а доцуш - амма цу йуккъехула царна Мохьмадан йуьхь бен гуш хIумма ца хилла. Цара дийцарехь, лайне дукха хьежарна, бIаьргашна хьалха гIаларташ хIуьттуш лелла бу уьш. Цу хьелашкахь цу тайпа адаман куц-кеп тергалдан дог деана аьлча, со ца теша.

–​ Зазадоккху-беттан 20-хь гIуллакхе ладогIар хиларий? Керла кхетош хIумма эларий цигахь?

- Нагахь иза цигахь хиллехьара, цо соьга тоххарехь и дийцина хир дара. ХIунда аьлча со цуьнан векал йу, мохь бетташ, иза бехке цахилар кхайкхош а йу. Нагахь шу тхан аккаунте хьожуш делахь, шу кхетта хир ду, хIара хIинца йерг ялххолгIа процесс йуйла - царех шиъ бен пайден йацара. Цхьана ладогIарехь-м шина сохьтехь гергга гIуллакх дIадийшира. Ша гIуллакх 50 тептар кхоччуш ду. Вукху ладогIарехь десантийн гергарнаш бара хила безаш. Ма-дарра аьлча, эрна хан йайар ду иза. Дуьйцуш дерг а деккъа цхьа "сан хIусамда Нохчийчу вахийтина вара, иза цигахь дIакхелхира". Царна шайга дийцинарш бен хаьа ма ца хаьа.

Цу десантийн гергарчарна ца лаьа кхелан ладогIаршкахь дакъалаца, шаьш паргIат дита боху цара. Цундела кхелехь дIадоьшурш цара 2011-чу шарахь дийцинарш ду.

Мохьмад вада а вадале, иза Пятигорскехь волчу хенахь, талламхочо, хьо цигахь хилла ала бехира цуьнга.( десанташна тIелатар динчу меттехь, Улус-Кертана гергахь. - билг.), амма со кхеравелира, герз охьакхоьссина, дIавахара - тIаккха 2-3 бутт ма беллинехь, хьо дIахоьцур ву, бохуш. Царна оьшуш дерг цо ша цигахь хилла алар ду.

–​ 2000-чу шеран чиллин-баттахь Мохьмадан 18 шо а дацара. Цу хенахь цуьнан дахарера хIумма дагадогIий хьуна? ХIун лелош вара иза, стенгахь Iаш вара?

– Цу хенахь цуьнан 17 шо дара. Цуьнан доьзал бара, йоI дуьненчу а йаьллера. ТIаьхьо доьзал буьйхира, бераш иза воцуш хьалакхиира. Амма хаттар хало ду? 20 шо хьалха адамо хIун лелийна дагадогIуш хилча, цу хенахь хиллачу цхьана доккхачу хIуманца доьзна хила ма деза и.

–​ Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна хIумма дуьйцурий цо хьоьга? Шен тIемлошца боккъал цхьа уьйр хиллехьара, хьох иза къайладахьийта хуур дарий цунна?

– Суна хаьа, иза цу тIелатарехь ца хиллийла. Нагахь хиллехьара, цо соьга тоххарехь и дийцина хир дара. Сан кхерамзаллин дуьхьа а, хIунда аьлча со цуьнан векал ма йу, мохь бетташ иза бехке цахилар кхайкхош йолу. Иза маьрша волчу хенахь, оха и тайпа къамелаш башха дан а ца дора. Ша дуьххьара дIалацарах дуьйцура цо. Амма ша тIом оха бийцина бац - иза дика ца хила а мега.

Мохьмад цкъа а герз караэцна вац. Буьрийн-гIалахь ( Владикавказехь) иза дIа ма леццинехь, цуьнан дегIана экспертиза йира. Амма дегIаца дехха герз лелорна хIиттина таммагIнаш, йа цхьа а тайпа монаш, чевнаш ца карийра. Цхьа билгало дегIаца йоцуш цу тIамера аравалалур вацара и.

–​ ХIара керла гIуллакх Мохьмадна хIунда гIаттийна аьлла хета хьуна?

– Суна-м ца хаьа, кху хаттарна жоп далан оьшу, ца оьшу а. Амма, олуш ма-хиллара, "гIуллакх делара, бехкениг-м карор вара".

Кхин а цхьа хIума дара, Мохьмад схьакарийча, хилла. ШоллагчIу Iуьйрана ФСБ-н белхало веара иза волчу... Мохьмада ма-дарра хаттар дира цуьнга: "Суначул дика ма хаьа шуна, со бехке воцийла, стенна лелош ду аша хIорш?" "ХIара тIе а лаций, IадIе. Иштта хила деза",- аьлла, жоп делира вукхо. 

–​ Хьан аккаунтехь ахча вовшахтушуш бина кхайкхам бу. И гIуллакх бахьанехь хIун харжаш хуьлу хьуна?

– Уггаре хьалха адвокаташна далан оьшу суна и ахча. Уьш чIогIа беза бу. Цуьнан доьзал мехах лаьцначу квартирехь Iаш бу, бераш кегий ду. Цуьнан гергарчеран йаккхий таронаш йац. Царна гIо дан цхьа а вац. Мохьмад дуьххьара лаьцча, цуьнан дас, нанас шайн цIа а, мел долу хIума дIа а доьхкина, лецира адвокат. Цундела оха хIинца ахча вовшахтухуш болх болийна. Iедало лучу мехаза адвокатех тешна Iен йиш йац. Царех теша хало ду, уьш хьанна болх беш бу хьанна хаьа.

Кхело и гIуллакх хьедар бахьана долуш, геннара схьавалийначу адвокатна командировкин ахчанаш далан деза. Масала, дерриге хилларг 6 ладогIар ду. Царех диъ - цхьаьллиг цхьа пайда боцуш. Амма оха цу муьрехь 120 эзар сом доьхкина.

Селхана [зазадоккху-бетта 20-хь] 10 стеган тоьшаллашка ладуьйгIира оха, ткъа уьш верриге 80 ву! Хетарехь, кхин а ворхI ладогIаран де оьшу. Кхин а и йалх теш а ву, царех хIоранна цхьацца ладогIаран де оьшу. Цу тIехула тIе-иза вадаран гIуллакх ду гIаттийна - тхуна мел хан оьшу ойла йича, хьераваллал хIума ду хIара. Психикна хала ду лан...

Официалехь, 2000-чу шеран чиллин-зазадоккху беттанашкахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Керт йуьртана уллохь Басаев Шамилан, тайп-тайпанчу хаамашца, цхьана эзар тIера 2500 стагана тIекхаччалц хиллачу тобано, Псковскан десантан дивизин эскархошна тIелатар дира. 84 десант велира, виъ чевнаш йеш, лазийра.

1990-2000 шерашкахь оьрсийн эскаршна дуьхьалло йиначарна бехктакхаман гIуллакхаш доладо. Жоьпе ца озош ца буьту амнистина йуккъе бахнарш а. Кавказ. Реалии-с дикка кхетош дийцира иштачу цхьана масалах - вежаршна ИдаловгIарна гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхех.

Къилбаседа Кавказехь тIемлой лоруш болчара кхелашкахь дIахьедо, шаьш мел дийцинарг шайга ницкъбеш, дийцитийна ду олий, боху бакъонашларйархоша, адвокаташа а.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Сети появилось видео пожара на теплоходе в Архангельске



Здоровье

Мануальные зубные щетки Revyline Perfect и зубная паста Organic Detox для профилактики кариеса в Тольятти






103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает Государственной Думе РФ оптимизировать налоговую сферу. «СВЯТОЙ кибер ЛЕНИН» удаляет налоги: перезагрузка.

Медработники Подмосковья поучаствовали в мероприятиях, посвященных Дню Победы

В Москве наладили производство RFID-чипов в рамках импортозамещения

УФАС Подмосковья выявило сговор в сфере дорожно-строительного комплекса


Москва

Патриотическую акцию «Синий платочек» провели в Нижнем Новгороде в день прибытия «Поезда Победы»






Rss.plus
Moscow.media
Москва

Собянин сообщил о планах создания отечественной платформы электромобиля



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Бутман

Игорь Бутман раскрыл, куда исчезла певица Ирина Отиева




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичи стали призерами соревнований по вольтижировке в Москве

«БЛИЦ», «БИТВА СТРАТЕГИЙ», «ДУАТЛОН» инсайд новых дисциплин в спортивном программировании

Собянин рассказал о ходе строительства Троицкой линии метро


Даниил Медведев

Тарпищев: нельзя Медведева назвать главным претендентом на золото Олимпиады



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России