20 шо хьалха гина адам довза тарлой? Псковскан десантана тIелеттачаьрца хилла боху Нохчийчуьра вахархо
Ростов-на-Дону гIаларчу кхелехь кхел йеш бу Нохчийчуьрчу Алханов Мохьмадна, 2000-чу шеран чиллин-баттахь-зазадоккху-баттахь, Псковерчу десантана тIелатар хьокъехь. Хьалхо, 2004-чу шарахь, низамца боцчу гIаттамхойн тобанашца хиларна 10 шо хан туьйхира цунна. И хан дIайаллац иза чохь а ваьллира. 2021-чу шеран йуккъехь иза йуха а дIалецира керлачу бехкаца. Цу шеран лахьан-баттахь психиатрикан - лазартнера вада аьтто белира цуьнан. Амма цхьамма волун меттиг хаийтина, йуха а Iедалан каравахара. Нохчийчохь тIом болалучу хенахь Алхановн 12 шо дара. Читать дальше...