ДПС-н постана тIелатар дарна лоьхуш хиллачех цхьаъ велла карийна ХIирийчохь
Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийна. И хаам бина щайн хьасташна тIетевжина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло.
ГIирсаца къамел динчун хаамца, Эльдиевн дакъа карийна Карабулакехь – герзаш деттачу хенахь йинчу чевнех кхелхина иза аьлла лору.
Регионалан ФСБ-н урхаллина тIетевжаш, агенталло иштта йаздо, зуламна бехке хета кхин а цхьа стаг къайлахчу сервисаша лоьхуш хиларх. Малгобекера Гуражев Амирхан ву иза. Хьалхо лаца кхайкхийнера тIепаза вайна Кантышево эвлара Мошхоев Микаил а, Эльдиев Рамзан а, иштта Малгобекера Боков Iамир а.
Карладоккху, зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштара полицин постана герзаш диттира бевзаш боцчу наха, оцу меттигера бовда аьтто а белира церан. Буьйса юккъе йахначу хенахь Кантышево эвлан галморзехь, ДПС-н пост тоьхначу меттигехь динера тIелатар. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, мел лахара а кхоъ хиллера тIелеттарг, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хиллера. Полицин шина белхахочунна чевнаш йинера, дуьйцура, оцу герзаш кхийсарехь тIелеттарш а лазийна бохуш. Къилбаседа ХIирийчоьнан талламан органаша бехктакхаман гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 317-чу Iедалан къепехь (Бакъоларйаран органан белхахочунна тIелатар).
Зазадокху-беттан 27-чу буса Гуьмсехь ницкъахоша ши стаг вийра 1963-чу а, 1989-чу а шерашкара, вовшашца гергарло долуш хиллера и шиъ. Официалан версица, ницкъахошна тIелеттера уьш, цара цхьахдолчу цIа чохь герзашца хьулбеллачу нахах лаьцна информаци толлучу заманчохь.
Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон хьалхо хиллачу хаамца, тIелатар дина хила тарло, цул хьалха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полицин постана тIелеттачара. Делахь а, тIаьхьо Абдурахмановс а, NIYSO телеграм-канало а йаздира, хетарехь, меттигера бахархой бу уьш аьлла.