ДПС-н постана тIелатар дарна лоьхуш хиллачех цхьаъ велла карийна ХIирийчохь
Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийна. И хаам бина щайн хьасташна тIетевжина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло. ГIирсаца къамел динчун хаамца, Эльдиевн дакъа карийна Карабулакехь – герзаш деттачу хенахь йинчу чевнех кхелхина иза аьлла лору. Регионалан ФСБ-н урхаллина тIетевжаш, агенталло иштта йаздо, зуламна бехке хета кхин а цхьа стаг къайлахчу сервисаша лоьхуш хиларх. Малгобекера Гуражев Амирхан ву иза. Читать дальше...