Уьнах 17 стаг велла, 607 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, дийнахь буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь кхелхина 17 пациент, цомгуш хилла кхин а 607 вахархо.
ВорхI стаг велла Дагестанехь, ялх – Краснодар-махкахь, кхоъ – Ставропол-махкахь, цхьаъ – ГIебарта-Балкхаройчохь.
Пандемин муьрехь верриг а велларг ву регионехь, официалан статистикаца, 1544 вахархо.
Дийнахь-буса а, 8 бутт сов хена чохь а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +142 (15057)
Краснодар-мохк + 95 (13408)
Дагестан +82 (12933)
ГIалмакхойчоь + 67 (6021)
Кхарачой-Чергазийчоь + 67 (6613)
ГIалгIайчоь + 52 (5380)
ГIебарта-Балкхаройчоь +40 (7400)
Къилбаседа ХIирийчоь +34 (5609)
Адыгей +24 (3897)
Нохчийчоь + 4 (2397)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хьакхаелла лору официалехь 78 857 стагах. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 1 миллион 130 эзарне.