20 шо хьалха яйна шен йоI Дагестанехь карийна Соьлж-ГIалара яхархочунна
![20 шо хьалха яйна шен йоI Дагестанехь карийна Соьлж-ГIалара яхархочунна](https://gdb.rferl.org/F2BEBAF0-87F7-4EA1-A5B2-9937A3D86725_cx0_cy16_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш кхечу берашца цхьаьна, карахь кехаташ а доцуш, Соьлж-ГIалара Дагестане дIайигина хилла 5 шо долу Ибрагимова Хьава.
Ши де хьалха, ГIура-беттан 25-чу дийнахь, шен нана йолчу цIайирзина иза. Цу хеначохь заьIапхо йолу жима зуда Буйнакскерчу интернатехь ехаш хилла. Иза хьена ю хиина, ДНК-экспертиза бахьана долуш.
Ибрагимова Хьава Нохчийчу цIаерзарх лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь, яздо "Кавказский узело".