Кадыровга бинчу кхайкхамна тIаьххье гечдар дехна Нохчийчуьра вахархочо
Меттигерчу администрацина реза цахилар хоуьйтуш, цара "Ахмат сила" йоза тIехь долуш арка хIоттон дуьхьало йина аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга аудиохаам бахьийтинчул тIаьхьа Лакха Ноьврера вахархочо видео дIайазйина, шена бехк цабиллар доьхуш. Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало йаздарехь, гечдар бертаза дехийтина цуьнга. Канало зорбане хIоттийначу аудио-хаам тIехь, ша Мутаев Мовлади ву аьллачу стага, нохчийн маттахь дуьйцу серлонца а, газаца а, хица Лакха Ноьврехь хьоьгучу баланех, иштта... Читать дальше...