Теракт кечйарна бехкевечу нохчочун хIусамнана кхелахойн кхеташоне ца йуьту
Теракт кечйеш хилла аьлла бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочун Висаев Аптин хIусамнана Мутаева Iайша кхелан кхеташонера арайаьккхина сацам бовзийтале хьалха. Йукъараллин адвокат санна хьалхайаьлла а йара Мутаева. Иза арайаккхаран бахьана лерина Хабаровскера 1-чу Малхбаленан гонашкара тIеман кхелан суьдхочо Пунтусов Дмитрийс, йоьдучу кхеташонехь цо даьхна хилла суьрташ Мутаевас шен телеграм-канале хIиттор. Шен гIоьнчас шега кхачийначу кехата тIера хиъна суьдхочунна цунах лаьцна. Мутаевас бахарехь, цо суьрташ а, йа видео а йаькхина йац. Читать дальше...